Аминат Ахматова, ученица 11 кл



жүктеу 0.96 Mb.
бет2/6
Дата26.08.2018
өлшемі0.96 Mb.
түріСборник
1   2   3   4   5   6

Айдамиров Абузар. Сан да – сан дозалла


Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан а оьзда к1ант, г1араваьлла вевзаш а, лоруш а волу яздархо, публицист, юкъараллин деятель, баккхийчара а, кегийчара а лоруш а, сийдеш а волу хьехархо! Вайн веза-воккхачу Аллах1а хьайна комаьрща деллачу пох1мица ахь йоккха хазна йиллина нохчийн къоман литература кхиоран г1уллакхана юкъа. Книгашъешархоша а, критикаша а лаккхара мах хадош т1еэцна хьан «Ненан дог», «Винчу лаьмнашкахь», «Лаьмнашкахь серло», иштта кхийолу произведенеш а. Къаьсттина ала лаьа нохчийн къомо нийсонехьа, шеен маршонехьа д1абаьхьначу б1ешерийн къийсамах лаьцна язйинчу, нохчийн исбаьхьаллин прозин лакхенаш хилла д1ах1иттинчу «Маршонан ц1арах» ц1е йолчу повестах, «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» ц1ерш йолчу исторически романех. Нохчийн литературехь бакхий кхиамаш бахарна а, юкъараллин дахарехь жигара дакъа лацарна а хьуна, хьакъ а йолуш, тиллина сийлаллин ц1е – Нохч-Г1алг1айчоьнан халкъан яздархо».

Иштта лаккхара мах хадабо нохчийн къоман культурехь Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а.

Халкъан яздархо Айдамиров Абузар вина 1929 шеран 29 октябрехь Ножин-Юьртан к1оштарчу Мескитахь ахархочун 1абдул-Хьаькаман доьзалехь. Нохчийн ширчу юьртахь, исбаьхьчу 1аламехь д1адахна яздархочун бералла. Деша а, яздан а школе вахале 1емина цунна, шел баккхийчу вежарша а, йишас а йоза-дешар 1амош. Цундела хьалхарчу классехь деша волавелча, дукха хан ялале, дика хууш ву аьлла, шолг1ачу классе ваьккхина. Иштта кхоалг1ачу классера а, иза чекх а яккхале, йоьалг1ачу классе ваьккхина. Дика доьшуш ворх1шеран школа шайн юьртахь чекхъяьккхина хинволчу яздархочо.

Айдамиров Абузаран йо1а яздархочо Айдамирова Машаран шен «Айдамиров Абузаран дахар а, кхолларалла а» ц1е йолчу книгехь яздо: «Абузаран да лаккхара бусалба динан 1илма 1амийна вара, амма баккхийчу 1еламнахаца хаддаза уьйраш латтийна, к1орггера хаарш долуш вара. Цунна дагахь хаьара Къор1анан дуккха а сураташ. Пайхамаран (Делан салам хуьлда цунна) хьадисаш, эвлаяийн 1ер-дахарх лаьцна дийцарш а. Поэзин йоккха корматалла яра цуьнгахь. Нохчийн а, 1аьрбийн а меттанашкахь назманаш язйора цо. Нохчийн маттахь дагахь «Лейла а, Меджнун а» поэма йоьшура цо. Ша язйинарш а, кхечеран а назманаш д1аолура. Назманан дешнашка а, чулацаме а хьаьжжина мукъам а, аз а хуьлура цуьнан: дог ойъуш, дог делхош, самукъане, б1аьхаллин а».

Шен деца дукха хан ца яьккхина Абузара, х1етахьлерачу 1едало доьналла долу нах лоьций чубухкура. 1абдул-Хьаькам а лаьцна Сибрех вахийтина. Лаьцначохь барх1 шо хан а яьккхина 1абдул-Хьаькам ц1авеанчу кхоалг1ачу дийнахь кхелхина Абузаран нана Яхарг. Да-нана цхьаьна а долуш царах марзо эцар ца хилла жимчу Абузаран.

Нохчийн къам махках даьккхича шайн кхиболчу доьзалх а, ц1ийнан нахах а хаьдда Абузар а, цуьнан да а, десте а Казахстанан Акмолински областан Акмолински районан Садовое олучу юьрта нисбелла. Иза 1аламат хала 1аламан хьелаш долуш меттиг хилла: 1ай шело ч1ог1а хуьлуш, чехка дарц а долий адамашна зенаш деш, к1оргачу лайно ц1ено1н не1-кор д1адукъуш. Оцу халчу хьелашкахь «Сталинская Конституция» ц1е цолчу колхозехь тайп-тайпана белхаш бина 14-15 шо бен доцчу Абузара: стерчийн готанца охана деш, х1у тосуш, мекха боккхуш, аьхка йол хьокхуш, цунах раьг1наш еш, 1ай бежнашна докъар т1екхоьхьуш. Иштта жимчохь д1аболабелла Айдамиров Абузаран къинхьегаман некъ.

1946-чу шарахь Г1ирг1азерзу Джалал-Абадски областан Каравански районерчу Успеновка-юьрта шайн нахана т1е д1авахна Абузар а, цуьнан да а. Кхузахь юьхьанца колхозехь прицепщикан болх бина Абузара, цул т1аьхьа бригадехь учетчик х1оттийна иза. Абузар деша лууш хилла. Учетчикан болх барца цхьаьна шозлаг1а а 7-чу классе деша вахна иза Успеновкерчу оьрсийн школе. 8-чу классе д1а ца эцна ворх1 чекхъяьккхина кехаташ ца хиларна. Литература езаш, исбаьхьаллин произведенеш дукха йоьшуш х1ара хилар билгалдаьллачу школан директоро 7-г1а класс чекхъяьккхинчул т1аьхьа, кхунна г1уллакхна, школан библиотекарь х1оттийна Абузар. Цигахь цхьана шарахь эха шарахь болх бинчул т1аьхьа Успеновкерчу «Т.Шевченко» ц1арахчу колхозе коьртачу бухгалтера заместитель вохуьйту сан да Абузар. Пишпекерчу юьртабахаман техникуме бухгалтер говзаллехула деша а вахна (заочно), пхи курс чекхъяьккхина цо. 1956-чу шарахь Сулюкта-г1ала д1авахана Абузар, цигахь экстерном д1а а елла, чекхъяьккхина юккъера школа.

Хийрачу махкахь, халчу хьелашкахь жимчохь дуьйна къахегна Абузара. Тайп-тайпанчу нахана юккъе нислуш, хало а, атто а ловш, дахар, къинхьегам, къинхьегаман адамаш довза таро хилла цуьнан. Шеко яц, яздархо кхиарехь, адамашца, дахарца йолу цуьнан шовкъаш кхоллаяларехь и дерриге шен маь1на долуш хиларан.

1едало бакъо а елла нохчийн къам шайн даймахка ц1адоьрзачу хенахь, 1957-чу шарахь, шен юьрта Мескита ц1а а веана, вор1шеран ишколе исмори, нохчийн мотт, литература хьеха балха вахна Айдамиров Абузар, Соьлжа-Г1алахь 1958-чу шарахь хьехархойн кхаа беттан курсаш чекх а яьхна. Оцу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультете деша а вахна (заочно), историн хьехархочун корматалла караерзош, институт чекхъяьккхина 1963-чу шарахь.

Мескитарчу ворх1шеран ишколехь цхьана шарахь хьехархочун болх бинчул т1аьхьа сан да – Айдамиров Абузар оцу ишколан директор х1оттийна. Ткъе итт шарахь гергга болх бина цо оцу даржехь. Ишколан куьйгалхочун болх цо кхиамца бина хилар гойтуш ю цунна техкина сийлаллин ц1ерш а, дела пачхьалкхан совг1аташ а: «Нохч-Г1алг1айн АССР-н ишколийн сийлахь хьехархо», «РСФСР-н серлонан отличник», «СССР-н серлонан отличник», «Нохч-Г1алг1айн АССР-н хьалкъан хьехархо», «Нохч-Г1алг1айн АССР-н сийлахь г1уллакххо», «Къинхьегаман Ц1ечу Байракхан» Орден. КПСС-н Нажин-Юьртан райкоман декъашхо а, районан Советан депутат а хаьржина иза дукхазза а. 1989-чу шарахь СССР-н халкъан депутат а хаьржина. Нохчийн пачхьалкхан университетан Сийлахь профессор а, Нохчийн Республикин 1илманийн Академин Сийлахь академик а вара иза.

Ишколехь болх бар Айдамиров Абузара хаддаза д1ахьора исбаьхьаллин литературехь къахьегарца цхьаьна. Шен яздаран корматалла лакхаяккхархьама Москвахь Горькийн ц1арахчу литературни институтехь шина шеран литературни Лаккхарчу курсашкахь дешна цо.

Айдамиров Абузаран произведенеш зорбанехь арайовла юьйлаелла 50-г1а шераш юккъе даханчу хенахь. Х1етахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолучу «Къинхьегаман байракх» газето кест-кеста кечйора литературни аг1онаш т1ехь араевлла яздархочун дуьххьарлера произведенеш: стихотворенеш, дийцарш. 1956-чу шеран 3-чу ноябрехь газето зорба туьйхира ц1еяххана болчу нохчийн, г1алг1айн яздархойн произведенешца цхьаьна х1етта яздан волалуш волчу Айдамиров Абузаран «Лермонтовн безамна» ц1е йолу стихотворени. Иза яздархочун дуьххьара зорбане евллачу произведенех ю. Ларамаза дац къоначу поэтан дуьххьарчарах йолу стихотворении сийлахь-воккха оьрсийн поэт дагалоцуш язйина хилар, М.Ю.Лермонтовн дахар а, цуьнан кхолларалла а шен дуккха а аг1онашца Нохчийчоьнах йозаелла ю. И стихотворени юкъаяхара 1962-чу шарахь Грозный-г1алахь араяьллачу Айдамиров Абузаран «Винчу лаьмнашкахь» ц1е йолчу поэтически киншкина

Айдамиров Абузаран сатирически корматалла къеггина гучуйолу «Генарсолтин «хьуьнарш» ц1е йолчу дийцарийн гуларехь. «Генарсолтин «хьуьнарш», «Жуккаран мук1арло», «Анонимка» дийцарш ду цу т1ехь зорбатоьхна. Яздархочо 1аьржа басарш ца кхоош 1орабаьхна курхаллаш деш, ямартлонаш лелош, шаьш къа а ца хьоьгуш, нехан хьакъ шайн хьашташка хьежо г1ерташ лела нах. Билгалдаккха деза, и тайпа нах автора къинхьегамхойх, халкъах д1акъаьстина гайтина хилар. Т1аьххьаре а шайна хьакъдоллучу жоьпалле озабо уьш. Шен произведенешкахь адамийн ледарлонаш 1ораяхар яздархочо кехочушдо юьртахойн хьанал къинхьегам гайтарца цхьаьна, къинхьегамхойн комаьрша дог-ойла, церан амалш гайтарца. «Генарсолтин «хьуьнарш» книгерачу дийцаршкахь автора х1оттайо кхин цхьа мехала проблема а – доьзал кхиорехь ден-ненан жоьпалла. Яздархочун «Лаьмнашкахь серло» (1963), «Тхан эвлахь» (1966), «Лаьмнийн некъашкахула» (1975) ц1ерш йолчу киншкера дукхахйолу произведенеш а яра юьртан дахар гойтуш. Айдамиров Абузар юьртахь вехаш вара. Юьртан дахар – цуьнан дахар дара, юьртахойн дезарш – цуьнан дезарш дара. Яздархочунна дика бовзара юьртахойн кхиамаш а, иза дика кхетара церан халонех а. Цуьнан произведенешкара г1уллакхаш авторан фантазино кхоьллина дацара, уьш гонаха кхехкачу дахарера схьаэцна дара. Оцу дахарна юккъехь вара автор, юьстах лаьтташ вацара. Цуьнан исбаьхьаллин произведенеш йоьшуш царна т1ера турпалхой шайн 1ер-дахарца, шайн г1иллакхашца-г1уллакхашца, ойланашца, леларшца яздархочунна юххера девзаш долу адамаш хетало. Церан амалшкара оьзданиг, сийлахьниг ч1аг1до автора, айпечуьнца, сийсазчуьнца къийсам латтабо. Юьртан дахар гойтучу произведенешкахь яздархочо къинхьегаман стеган белхан хьуьнарш, деган дикалла, нахаца цуьнан йолу оьзда юкъаметтигаш гайтарца иза вазво, цунна хастам бо. Малончашна, жуккаршна, тайп-тайпана курхаллаш деш лелачарна дуьхьал луьра къийсам латтабо церан ма-дарра долу юьхь-сибат, харц 1алашонаш 1ораяхарца. Иштта ю яздархочун оцу темин йолу повесташ, дийцарш, очеркаш. «Лаьмнийн некъашкахула» дийцарийн гуларехь яра «Шемалан леламаш» ц1е йолу исторически хроника а. Цу т1ехь яздархочо бакъдолчийн буха т1ехь йовзийтира Шемалан леламашца йозаелла йолу халкъан историн аг1онаш. Коьрта долчунна и исторически хроника бахьана долуш боккха кхиам хилира киншкин.

Хьалхо араяьлла шен цхьана статьяхь Айдамиров Абузара яздора: «Сан литературни кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцу историко-революционни тематико. Х1етте а юкъа-кара аса вайн заманхойх – колхозан ахархойх, юьртан интеллигенцех лаьцна повесташ, дийцарш, очеркаш язйина. Царах хаьдда 1ен ойла яц сан т1ейог1учу хенахь а. юьртахь вехачу сунна гергара ю и тема». Шеен заманхойх лаьцна, шен заманан проблемаш х1иттош яра автора 1981-1985-чу шерашкахь язъйина «Ирхеш» роман. Иза зорбанехь араелира 1986-чу шарахь. Цу т1ехь гайтинера республикехь социально-экономически а, г1иллакх-оьздангаллин а хьелаш талха доладалар. Ма-дарра аьлча, Нохч-Г1алчоьнах хьакхаелла социально-экономически кризис а, къоман г1иллакх-оьздангалла лахлуш хилар а гайтира яздархочо шен керлачу романехь. И проблемаш автора нийса х1иттийна хилар гучуделира цул т1аьхьа, хье ца луш, республикехь д1адуьйладеллачу бохамечу г1уллакхаша. Айдамиров Абузаран кхоллараллехь коьртаниг исторически тема ю. Цо язйина «Шемалан леламаш» ц1е йолу исторически хроника, «Маршонан ц1арах» роман, «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романех лаьтта трилоги, оьрсийн маттахь «Хронология истории Чечено-Ингушетии», кхиерш а.

1865-чу шарахь нуьцкъах а, 1ехош а, шен махках баьхна Турце кхалхийнчу нохчийн 5000 доьзалан кхолламца гора 1944-чу шарахь нуьцкъах махках даьккхина Казахстане, Г1ирг1азе кхалхийначу халкъан декъаза кхоллам». Юьхьанца боккха кхиам хиллачу романан т1аьхье 1аламат чолхе а, хала а хилира. Айдамиров Абузаран 1974-чу шарахь Москва «Современник» издательстве гочъйина яхьийтина подстрочник «Еха буьйсанаш» роман оьрсийн маттахь иза араяккхийта. Издательствос кхаа критике рецензеш язъяйтинера романа. Оцу кхааммо а роман г1еххьа хастийнера, амма к1еда-мерза, г1иллакхе билгалдаьккхинера роман зорбане яккха кийча цахилар, автора а, редактора а романан текст т1ехь кхин а болх бан безаш хилар. Айдамиров Абузара мелла а хийцамаш бина, яцйина, амма коьрта чулацам, маь1на ца талхош, юха а д1аяхьийтина «Современник» издательстве. Т1аккха а ца магийна «Еха буьйсанаш» зорбане. Дукхахболчу рецензенташа романан коьрта сакхат лоруш дерг билгалдаьккхинера «Современник» издательствон куьйгалхочо В.Сорокина ша авторе даийтинчу кехатехь: «Наконец, несколько замечаний по роману, как мне кажется, очень важных. Автору следовало вывести вместо забитого Вассала – беглого солдата, другого русского, который был бы инициативным человеком, который мог бы вести за собой чеченцев…». Роман ара ца ялийтаран коьрта бахьана и дара. Яздархочо бохура оцу муьрехьлерчу халкъан исторехь и сана дерг хилла дац, цундела шен бакъо яц и яздан, харцдерг ша яздийр дац. Нохч-Г1алг1айн киншкин издательствехь а зорбане ца яккхийтира роман. КПСС-н Нохч-Г1алг1айн обкомо дихкинера иза зорбанехь арахецар. Хьалха роман нохчийн маттахь араяьлча, цуьнан дика мах хадийна цхьаболу рецензенташ а шен ондачу т1е1амца и роман юха арахеца а, цуьнан шолг1а дакъа («Лаьмнашкахь ткъес») зорбатоха а ца магадойтуш, дуьхьалбаьхнера республикин партийни куьйгалгоша. Нохчийчоь Росси пачхьалкхана шен лаамехь юкъаяхна боху концепции яра х1етахь партийни 1едало леррина х1отта а яйтина, нуьцкъах яржош. Оцу концепцина нийсса дуьхьал яра историн бакъдолчунна т1ехь язйина яздархочун роман. Схьахетарехь, цундела зорбанехь ара ца хецийтарал совнаха, ишколан программаш юкъара а д1аяккхийтира роман, дихкира иза дешархошка 1амаяйтар.

1аламат мехала ю Айдамиров Абузара х1оттийна Нохч-Г1алг1айн историн хронологи а. 1973-чу шарахь волавелла шина шарахь болх бина яздархочо цу т1ехь. Оцу хьокъехь шен цхьана интервьюхь автора дийцина: «1973-чу шарахь суна дагадеара Нохч-Г1алг1айчоьнан историн хронологи х1отто. Х1етахь 1илманца теллина шен ситори йоцчу, шен исторически х1адахнарг ца ххалкъана иза довзийта, шен истори езийта, цунна т1е тидам бахийта, иза лучу къоначу нахана некъ гайта 1алашо яра сан… Шина щарахь сов къахьийгира ас и хронологи х1оттош. Б1еннаш книгаш, газеташ, журналаш кегон дийзира. Роман язъярал хала бара и болх, амма суна хетарехь халкъана ч1ог1а оьшура иза». Автора шегара юкъадалийна х1умма а доцуш, еккъа халкъан историн хронологех лаьтташ болу и болх а зорбанехь ара ца балийтина. Оьрсийн маттахь х1оттийна йолу и «Хронология истории Чечено-Ингушетии» ялхийтта шарахь 1иллинчул т1аьхьа, 1991-чу шарахь арахийцира 15 эзаран экземплярехь.

Сан ден - Айдамиров Абузаран башха кхолларалла нохчийн исбаьхьаллин литературин хазна хилла ца 1аш, адаман кхетам кхиорехь мехала ю. Нохчийн халкъан леерам бу сийлахьчу яздархочуьнга. Сан ден ц1арах ю Нохчийн Республикин коьрта библиотека, Соьлжа-Г1алин коьртачу урамех цхьаъ сан ден ц1арах бу, Мескитара ишкол а ю цуьнан ц1арах. Сан да винчу, даима ваьхначу юьртахь Мескитахь (тхан ков-кертахь) схьайиллина яздархочун музей. Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех лаьцна конференцеш, «горга стоьлаш» д1ахьо республикехь. Цуьнан кхолларалла, исторически романаш республикин ишколашкахь а, вузашкахь а 1амош ю.
Cайн дахарехь айса мел дечу дикчу г1уллакхашца, лелочу г1иллакхашца, бечу белхашца, дешарца, массо а хенахь сайн дикчу ден сий деш, пусар деш, цуьнан сина хала ца хетийта г1ертар ю со. Д1атухучу куьйгаца, луьйш болчу маттаца сайн жимчу дахарехь г1алатло ца ялийта а, сайн дех терра хила а хьожур ю со, дала мукълахь. Айдамиров Абузар сайн да хиларх дозалла а деш дуьненчохь оьзда, маьрша чекхъяла а хьожур ю со.



Достарыңызбен бөлісу:
1   2   3   4   5   6


©kzref.org 2017
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет