Арсанов Са1ид-Бей Арсанбекович



жүктеу 72.53 Kb.
Дата25.05.2018
өлшемі72.53 Kb.

1адиз Кусаев «Нохчийчоьнан яздархой»

Арсанов Са1ид-Бей Арсанбекович(1889-1968)

Нохчийн литературехь дуьххьара романан жанр йовзийтинарг, юкъаяьккхинарг ву Арсанов Са1ид-Бей.

Са1ид-бейн 1 шо кхачаза дара, церан тайпана а волуш, цуьнан ден гергарчу стеган керах стаг леш. «Сан дуккха а бераш дара, цомгуш зуда а яра. Цул сов, со хьол воккха а ву, и ч1ир хьайна т1елацахьара ахь,»-дехар дира цо Са1ид-бейн дега. Дагна к1еда волу Арсанбек реза хилира. Шен ч1ирхошна гена валархьама, шайн Даймохк битина, д1аваха дийзира цуьнан доьзалца цхьана.

ХХ-г1а б1ешераш долалуш, Владикавказера электротехнически училище чекхйоккхий, Петербурге политехнически институте деша воьду и. Амма дешар гена д1а ца дахара. Шен дас санна, революцин боламехь дакъалоцу цо. И бахьанехь паччахьан 1едало Вятски губерне ссылке вохуьйту и. Цигара вада аьтто болий, Германи д1а а воьдий, цигахь болх беш соцу Са1ид-Бей.

1921-чу шарахь Нохчийчу кхайкхина схьавалаво иза. Х1етахь, Фадеевн г1оьнца арахоьцу цо нохчийн дуьххьарлера газет «Серло»(18 март 1925шо).

1937-чу шеран 2-чу октябрехь бехк-гунахь доцуш волу Арсанов юха а чувуллу. 8 шо хан токху цо лагершкахь. 1945-чу шарахь Алма-Ата, шен гергара нах кхалхийна д1абигинчу, схьавог1у Са1ид-Бей.

50-г1ачу шерашкахь д1аболабо Арсановс шен кхоллараллин болх.

Ошаев Халид Дудаевич(1898-1977)

Халидан дедас Алхаста даиман олуш хилла : «Уггаре хьалхара

деза х1ума-иза хьаша ву. Шолг1а-и вайн дайшкара дисина г1иллакх ду. Даима ларде и, массара а лорур ву хьо. Хьайн дешан да хила.Деллий ахь дош,- ларде. Адмаш дезалахь, къаьсттина къахьоьгуш а, оьзда а долу хьайн къам дезалахь. Вай цхьанна а хьалха горх1иттина дац хьуна, цундела вай дукха нахана ца деза. Хьайн сий а, хьайн къоман сий а ларде.»

Цо ма хьеххара лелара Халид. Цунна адамаш дукха а дезара, шега далучу кепара г1о а дора, шен балхана новкъарло хуьлуш меттиг ялахь а. Цхьа масала далор дара ас цо динчух:

Кусаев 1адиза дуьйцу: «И дара 1934 шарахь. Сан воккхох волу вашас Мохьмада, юккъера школа чекх а яьккхина, Горски пединституте деша ваха сацам бира. Цу институтан ректор вара х1етахь Халид. Мохьмада массо экзаменаш д1аеллера, амма сочиненина «шиъ» даьккхинера (юьртахь дешначу цунна х1ун оьрсийн мотт хуур бара). Приёмни комиссин председатело аьлла хилла: «Кхеташ к1ант ву Мохьмад, массо экзаменаш д1аели цо, делахь а оьрсийн маттаца дерг ледара г1уллакх ду. Кхоам бу цу к1ентан-генара, Нохчийчуьра, схьавеана ву иза.» Т1аккха Халида аьлла хиллера: «Нохчо ву бах ахь? Генара схьавеана? Молодец-т1аккха деша лууш ву хьуна. Схьаоьцур ву вай, ас жоп лур ду цунах. Теша мегар ду шуна, нохчашна ч1ог1а сиха 1ема меттанаш. 1 шо далале цунна шерра хуур бу-кх и мотт. Дешийта.» Мохьмада шен юьртахо юьхь1аьржа ца х1оттийна: оьрсийн мотт дика 1амийна а ца 1аш, тоьллачу студентех цхьаъ хилла, «с отличием» институт чекх а яьккхина цо.

Исаева Марем Султановна (1898-1977)

Шен дахаран массо де а, массо сахьт а шен халкъана дуьхьа къахьоьгуш даьккхина Марема. Цуьнан да Султан Одессерачу университетехь деша а дешна, француженка а ялош (Мареман нана ю иза) Нохчийчу ц1а воьрзу. Нохчийн къомана йоза-дешар 1амош къахьоьгу Султана: дуьххьарлера оьрсийн школа схьайоьллу цо кхузахь.

Марем литературана юкъайог1учу хенахь, берашна лерина произве-денеш яцара. Марема шена т1елоцу и болх. Дуьххьара цо кхоьллира берашна лерина йолу эшарш, стихаш, туьйранаш.

30-г1а шераш дуьйладелча Исаева Марема язйо «Гамар», « Револю-ционерийн илли» поэмаш. «Гамар» поэми т1ехь поэтессас гойту паччахьан заманчохь къинхьегаман халкъан декъаза дахар. 40-г1а шераш юккъедевлча Исаевас дуьххьарлера литературан учебник арахоьцу юьхьаьнцарчу классашна, цу т1ехь лакхарчу говзаллица бина гочдаран болх. И болх ба-хьана долуш нохчийн берашна а, баккхийчарна а шайн ненан маттахь дуьххьара евзира А.Пушкинан, М.Лермонтовн, И.Крыловн, Н.Некрасовн, Т.Шевченкон, А.Чеховн исбаьхьа произведенеш.


Бадуев Саь1ид-Салихь Сулейманович (1903-1938)

Саь1идан да Сулейман кхеташ хилла,мел ч1ог1а оьшу стагана шен дахарехь 1илма а, дешар а; цундела цо хинволу яздархо Грозненски реальни училище деша вохуьйту. Амма дешар гена д1а ца дахара: т1ам т1ехь хилла чевнаш бахьана долуш,Сулейман ле, ткъа нана Зайба ялх бераца юьссу. Дешарх д1адала ахча ца хуьлий, Саь1идан юкъаравала дийзира. Ша доьзалехь воккхахверг хиларе терра, балха а вахана, нанна доьзал кхобуш г1о до цо.

Бадуевн кхоллараллин некъ д1аболало 1925 шарахь, х1етахь «Серло» газетехь арадовду цуьнан кегий дийцарш а, стихаш а.

Цуьнан кхоллараллин некъ беха ца хилла: 10-12 шо; делахь а, оцу ханна юкъахь цо дуккха а болх бина: 10 повесть, дийцарш, поэмаш, 15 сов пьеса а язйина.

Арсанукаев Шайхис аьлла: «Дика яздархой а, поэташ а, драматургаш а шортта бу нохчийн яздархошна юккъахь, амма уггар хьалхара меттиг царна юккъехь, хьакъ долуш, Бадуев Саь1идехь ю.»

Нохчийн литературан бухбиллархо ву Бадуев Саь1ид. Вай гуттар а дагахь латто, шех дозалла дан хьакъ ву и воккха яздархо.




Мамакаев 1арби Шамсуддинович (1918-1958)

1арбин дас Шамсуддис Асланбек Шериповца цхьаьна дешна хилла реальни училищехь. 1арби вина 2декабрехь 1918 шарахь Лаха-Неврехь.

1924 шарахь Серноводскерачу детучгородоке деша велира 1арби, цигахь дешначул т1аьхьа Грозненски рабфакехь а, лаккхарчу драматургийн курсашкахь а доьшу цо. 1935 шарахь дешарца цхьана болх бан волало иза: цкъа хьалха – «Ленинан некъ» газетан корреспондент, цул т1аьхьа- Нохч-Г1алг1айн радиокомитетан диктор. Диктор иштта хилла цунах. Радиоко-митетехь конкурс яра диктор къастош. Дакъалоцуш берш дуккха а бара, делахь а толам 1арбигахь хилира-бахьана цуьнан зевне, хаза аз а, цуьнан хьекъал а дара. Амма цхьа х1ума дара новкъарло еш: цуьнан 18 шо кхачаза дара. Цунна хьехар дира, цхьа шо воккха ву алий кехат даккха аьлла. 1арбин дехарца ден вешо кехат доккху цунна 1917 шарахь вина ву аьлла. Цундела дукха меттигашкахь 1арбин биографи язъеш, оцу хенахь вина ву аьлла яздина ду.

Нохчийн къам ц1ера арадаккха кечдечу хенахь, Нохчийчоьнан куьйгалхошца цхьанакхетар д1адаьхьна Политбюрос и план йийцаре еш. Цигахь дакъа лоцуш хилла 1арби Мамакаев а. Цхьанакхетаран председатель хилла волчу Шкирятовс аьлла:

- Сталина бинчу сацамна реза волчо куьг айде.

Массара а цхьаний куьйгаш айдина, Мамакаев 1арби воцчо. Т1аккха Шкирятовс хотту: «Хьо Сталинан сацамашна дуьхьал ву?» «Сталинан сацамашна дуьхьал-м вац со, и боккъал цо бина сацам белахь, амма бехк боцу халкъ махках даккхарна дуьхьал-м ву со.»-аьлла 1арбис.

Т1аккха Шкирятовс карти т1е а хьаьжна олу:

-Лаахь а, ца лаахь а и къам арадоккхур долуш ду-кх вагонаш чохь,-т1аккха охране олу,-Х1ун деш 1а шу? Схьалаца и! Милиционераш шена т1ехьаьвдча, пистолет схьа а йоккхий, цкъа-шозза и кхосса а кхуссий, корах араоьккхий вада лараво поэт. Х1етахь дуьйна 1едалх лечкъаш лела дийзира цуьнан, вен веза Мамакаев аьлла бина сацам а хиллера. Чувоьллинчохь дукха къизаллаш лайна цо:етташ, м1араш к1ел мехий 1уьттуш, амма мичча ша кхачарх корта охьата1ийна ца лелла 1арби.



Айдамиров Абузар Абдулхакимович (1933-2005)

1972 шарахь араелира Айдамиров Абузара язйина роман «Еха буьйсанаш».Нохчийн литературана а, нохчийн къомана а ч1ог1а мехала дара и. Цуьнан экземпляраш дукха чехка д1аийцира, т1етаь11ина йоьшура массара а, да1 санна ларйора. Х1унда аьлча, массарна а хууш дара, мел хала кхаьчна и книга ешархошка-и цхьаъ дара; шолг1а делахь, книгашъешархой тешаш бацара и арахоьцург хиларх (коммунисташ реза хинболу идеологи яцара цуьнан); кхозлог1а делахь, 1ехийна болу нохчий а, г1алг1ай а, кхидолу Кавказера къаьмнаш а нуьцкъала Турце д1абахийтарх лаьцна баккъалла а долу документ лара мегар долуш яра роман. И книга йоьшуш, цу т1ера къизаллаш гайтина меттигашна т1екхаьчча, ешархойн (божарийн а цхьана) б1аьргах хи долуш хиллера.

Абузаран коьрта тема хилла д1ах1оьттина шен къоман хьалхалера истори.


Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович (1930)

Нохчийн муьлххачу а стаге (цуьнан мел хан елахь а) аш хаьттича Арсанукаев Шайхих лаьцна х1ун хаьа шуна. Дукхахболчара иштта жоп ло: «Шайхи Арсанукаев? Вевза, «Ненан мотт» стихотворении язйина-кх цо. Оха школехь доьшуш долуш 1амийна иза.» Цул хьалха а, цул т1аьхьа а цо дукха стихаш, поэмаш, стихашкахь роман а язйиношшехь, ешна хила а мега цара уьш, х1етте а массарна а дагахь лаьттина Шайхи оцу стихотвореница. И стихотворени ян а ю нохчийн къомана ч1ог1а еза: цо карзахдоху адмийн дегнаш, шайн къомах, матах дозалла дан 1амадо, «кханенах» тешар даг чу тосу.

И стихотворени язйина хан дагаяийтича, кхузткъе иттолг1а шераш ткъолог1чу б1ешеран, нохчийн мотт къен бу, ала оьшучохь дош ца карадо, школашкахь цу маттахь дистхилар дихкина а долуш, г1алашкарчу бахархоша шайн доьзалшна чохь бийцар а ца магош, дукхохболчара шайна а, шайн доьзалшна а оьшуш бац нохчийн мотт боху хан яра и - Шайхис гайтинарг йоккха турпалалла ю.

Делахь а, халахета и стихотворени кхечу меттанашка ца яьккхина, Шайхис яздина и «жовх1ар» массарна а ца девзаш.

Кусаев 1адиза оьрсийн матте даьккхина х1ара дакъа хазийта лаьа суна шуна:

Послушав его, согласишься, не споря,

Что всем, кому дорог, кто в душу проник,

Он глубже по мысли глубокого моря

И выше гор снежных - чеченский язык.

И мёда он слаще, своей чистотой

Сраниться он лишь с родниковою вправе

И Лермонтов слушал его, и Толстой,

И Услар его, восхищенный им, славил.

Звенел он веками, (что годы ему?),

Народу опорой служа своему.
22 апрель 2008 шо

Нохчийчоьнан яздархойн кхоллараллех 9 – 11 классашкахь нохчийн меттан а, литературан а урокашкахь пайдаэцар. 1. Кусаевн «Нохчийчоьнан яздархой» ц1е йолу книга йийцаре яр.
1. Хьехархо: Нохчийн яздархойн дуккха а произведенеш 1амош д1ахьош ю школерачу дешархоша. Царна юккъехь лакхара мах хадо мегар йолуш произведенеш ю. И произведенеш 1амочу хенахь, уггара хьалха церан авторш бовзийтарца д1аболабо муьлххачу а хьехархочо шен болх. И иштта хила дезаш ду, вай леладахь а, ца леладахь а. Шен къоман г1арабевлла яздархой, поэташ, драматургаш бевзаш хилча, мичча кхаьчча а юьхь1аьржа х1уттур вац цхьа а.

Нохчийн меттан хрестоматешна т1ехь, дукхахьолахь, елла хуьлу церан биографеш, делахь а цу яздархойн дахарера тидаме эца мегор долу цхьадолу х1умнаш «Орга» а, «Вайнах» а журналашна т1ехь бен ца карадо. Тахана вай бийцаре бийр бу цу хьокъехь Кусаев 1адиза бина болх. 1адиза боккха болх д1абаьхьна ночийн яздархойн кхолларалла толлуш. Цуьнан очеркашна т1ехь карийна суна вайн къоман яздархойх лаьцна дуккха а керла х1уманаш. Х1инца дош лур ду вай дешархошна.

2.1 дешархо: Бадуев Са1идан кхолларалла.

2 дешархо: Арсанов Са1ид-Бейн кх-а.

3 дешархо: Ошаев Халидан кх-а.

4 дешархо: Исаева Мареман кх-а.

5 дешархо: Мамакаев 1арбин кх-а.

«Нохчийн лаьмнашкахь» поэма йийцаре яр.



6 дешархо: Айдамиров Абузаран кх-а.

«Еха буьйсанаш» роман йийцаре яр.



7 дешархо: Арсанукаев Шайхин кх-а.

8 дешархо:Арсанукаевн «Ненан мотт» стих-ни дагахь йийцар.

3. Дешархошка вовшашна хаттарш далийтар.

4. Хьехархочун хаттарш:

- Бусана муьлхачу произведенина юкъара ю?

- «Алун шераш» романан турпалхо мила вара?

- Васса х1унда яхана хиллера йо1,ц1ийнда витина араяьлла д1а?

-«Маца девза доттаг1олла» романан турпалхой муьлш бу?

- «Товсолта ломара д1авоьду» роман т1ехь дас к1антана дина хьехар муха дара?



5. Хьехархочун дош: Массарна а Дела реза хуьлда кху меоприятехь дакъа лацарна. Шен къоман яздархой бовзар сийлахь ду. Дала аьтто бойла шун массо дикачу х1уманна т1ехь.
Каталог: uploads -> doc
doc -> Английские слова и выражения в оригинальном написании a horse! a horse! MY KINGDOM FOR a horse! англ букв. «Коня! Коня! Мое царство за коня!»
doc -> Викторина по пьесе В. Шекспира «Гамлет, принц Датский»
doc -> Тест сынып Ұлы Отан соғысы нұсқа
doc -> Пєн атауы: Математика
doc -> Сабаќтыњ тарихы: ХІХ ѓасырдыњ 60-70 жылдарындаѓы ќазаќ халќыныњ отарлыќ езгіге ќарсы азаттыќ к‰ресі
doc -> 1 -сынып, аптасына сағат, барлығы 34 сағат Кіріспе (1 сағат)
doc -> Сабақтың тақырыбы: XVIII ғасырдың бірінші ширегіндегі Қазақ хандығының ішкі және сыртқы жағдайы Сабақтың мақсаты
doc -> Сабақтың тақырыбы: XVIII ғасырдың бірінші ширегіндегі Қазақ хандығының ішкі және сыртқы жағдайы


Достарыңызбен бөлісу:


©kzref.org 2019
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет