Урок. Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош. 1алашо: Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар. Х1инцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар. Урок д1аяхьар



жүктеу 1.31 Mb.
бет1/9
Дата17.03.2018
өлшемі1.31 Mb.
түріУрок
  1   2   3   4   5   6   7   8   9


1-ра урок.
Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош.
1алашо: Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар.

Х1инцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар.



Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.
а) хаттарш ло, 1амийнарг карла а доккхуш.

-Ненан маттах лаьцна муьлха стихотворенеш евза шуна?

-Д1аеша, хьан язйина уьш?
…Йист йоцу х1орд санна,

Бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

(Арсанукаев Ш.)

б)хьехархочун дош.

Нохчийн мотт гуттар ширчу меттанех цхьаъ бу.Масийтта б1еннаш,эзарнаш шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна,чарташна,б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина элпаш,дешнаш,кхин цхьаьнца йоза хиларан билгалонаш. Мотт юкъараллин г1ирс бу х1унда аьлча, вай юкъараллехь дехаш ду: цхьаьна доьзалехь а, куьпахь а, школехь доьшуш болу дешархой а, балхахь цхьаьна болх беш болу белхалой а,юьртахой, гергарнаш,бовза-безарш.

Мотт г1иллакхе а, оьзда а, къинхетаме тарлуш а бу.

Мотт-ойлана дег1 ду.

«Мотт вай 1ама а бо, дахаран т1аьххьара де т1екхаччалц,и 1амо декхар а ду»,-аьлла яздина яздархочо К.Паустовскис


ΙΙΙ.Маттах лаьцна долу хаарш к1аргдар.
1)Дешархоша д1адоьшу 1-чу аг1он т1ера нохчийн маттах лаьцна яздинарг. Хаттаршна жоьпаш ло.Д1аязйо шайна дагайог1учех цхьа-ши байт,нохчийн маттахь йолчу масех книйгийн а,журналийн а,газетийн а ц1ераш.Юьйцу церан нийсаязъяран бакъонаш.

2)Кхочушдо 3-г1а шардар.


ΙV.Дозуш долу къамел кхиор.

Сочинени язъяран кечам .

1.Учебникан 2-чу аг1он т1ера хаттаршна жоп ло.

2.Дийцар д1аязйо тетрадаш т1е, ц1е а туьллу.


V.Жам1 дар.

1.хаттарш ло:

-Муха лору оьрсийн поэташа вайн нохчийн мотт?

-Вайн поэташа муха хестина нохчийн мотт?

-Маттах лаьцна кицанаш хьанна хаьа?
VΙ.Ц1ахь бан болх.
1)1амийнарг карладаккхар.

2)4-г1а шардар кхочуш яр


2-3- г1ий урокаш.
Урокан чулацам: Предложенин меженаш.
1алашо:Хаа деза,муха кхоллало предложенин бух, муьлхачу меженах лаьтта и.

Яьржина а,яржаза а предложенеш. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш муьлхарш ю. Подлежащина а, сказуемина а юкъара уьйр. Къастае предложенин х1ора меже:подлежащи,

сказуеми, латам,къастам,кхачам.


Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

а) Дешархоша дуьйцу ненан маттах лаьцна. Даладо кицанаш, байташ а йоьшу.

б) Г1иллакхе аларш юкъахь долуш диалогаш х1иттайо бераша. Д1аязйо диалогехь сацаран хьаьркаш дахкарх лаьцна.

Диалоган кеп:

-Йиънарг а, мелларг а Дала саг1а йойла, беркат шорта латтийла ,1одика йойла.

-Дела реза хуьйла, некъ дика хуьлда шун.

в) Масех дешархочуьнга ,,Хазчу дашо лам башийна” ц1е йолу жима дийцар доьшуьйту.


ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

а)текст ешар,цунна ц1е тиллар.

-Керлачу дешаран шарца декъал во ас хьо!Т1аьхье беркате хуьлда! Дала аьтто бойла! Дела реза хуьлда хьуна. Дешархой самукъадаларца школе бахара.Аьхка цара дика са а даь1ира,дений-нанний г1о а дира,книгаш а йийшира. Тхайга хьехархочо ма-аллара, нохчийн маттахь кицанаш а, иллеш а, эшарш а д1язйира.Х1инца уьш пайде хир ю сочинени язъеш.

-Х1унда тиллина ю и ц1е цу текстан?

-Муха къастадо дешнийн цхьаьнакхетарш предложенехь?

-1-чуй,2-чуй предложенешна бе синтаксически къастам.

-Юй кхузахь коьрта меженаш? Уьш муьлхарш ю? Сизашца билгалъяха.

-Коьртаза меженаш юй х1окху предложенешкахь? Муьлхарш? Х1ун олу къастамах, латтамах, кхачамах?Нийса кхачам подлежащех къастош, муьлха бакъонаш хаа еза?

-Аларан 1алашоне хьаьжжина муха ю и предложенеш? Кхин муха хуьлу уьш?

-Шолг1чу предложенехь сацаран хьаьркаш дахкаран бакъонашйийца.

-Кхоалг1ачупредложенехь юй цхьанатайпанара меженаш? Билгалъяха уьш.Предложенин муьлха меженаш ю уьш? Иза муха къастий аша?

-Буха сизаш хьаькхначу дешнийн кхолладаларан некъаш билгалдаха.

-Тетрадаш т1е д1аязъе.
ΙV.Гайтаран диктант.

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а

Хьекъале цо йоьг1на лард,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.(М.Сулаев)

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муха мах хадабо воккхачу поэто нохчийн метан?Х1ун боху цо матах лаьцна?

-Маса предложении ю байт т1ехь? Муьлхарш ю уьш?

-Сацаран хьаьркаш х1унда дехкина?

Х1ора предложенина бе синтаксически къастам.

-Ч1ог1а(к1еда),хьекъале(1овдал,сонта),доккхо(жимо),къайленийн(нахаладаккха),барт(дов) бохучу дешнашна ялае антонимаш.

-Лард,дог1а,барт бохучу дешнашна ялае омонимаш.

-Цул т1аьхьа гайтаран диктант д1аязъе.




V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1)Кхочушде 4-г1а шардар.

2)Бийца чулацам.


Екхна аьхкенан буьйса Орган чуьра г1еттинчу т1уьначу дахкаро кхолий(туманная облачность) . Д1дай седарчий а, беттаса а. Лаьмнийн баххьаш ца го. Органан г1овг1а ю гуттар сана,дахкаран къаръян ницкъ боцуш,схьахезаш.(М.Ахмадов)
-Хьалхарчу предложенехь бе синтаксически къастам.

-Муха къастайо подлежащи нийсачу кхачамах?

-Хьалхарчу предложенехь буй нийса кхачам? Муха ду цуьнан хаттарш?

-Муьлхачу дашах бозуш бу иза?

-Шолг1а предложении яьржина ю я яржаза ю? Х1унда?

-Дахкаро, дахкаран бохучу дешнаша грамматически форма я лексически маь1на хуьйцу? Муха ю оцу дешан юьхьанцара кеп?

Шаьш аьлларг т1еч1аг1деш, язъе сочинении-ойлаяр (рассуждени).
VΙ.Урокан жам1 дар.

1)-Предложенехь коьрта меженаш муьлхарш ю?

-Коьрта маса меже ю? Коьртаза?

-Доьххьара муьлха меже лоху предложенехь?

2)Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1)Предложенех а, коьртачу а, коьртазачу а меженех 1амийнарг карладаккха.

2)Кхочушде 5-г1а шардар

3)Учебникан 2-чу аг1он т1ера хаттаршна жоьпаш ло. Кечам бе сочинени язъян, х1окху ц1ерех цхьаъ харжа а харжий:
,,Нохчийн мотт-йист йоцу хазна

,,Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста”

,.Хазчу дашо лам башийна

4-г1а урок.
Урокан ц1е: Нохчийн маттах лаьцна сочинени язъяр.
1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Ненан матте болу безам лаккхабаккхар.

Предложени нийса х1отто хаар,пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.



Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Сочинени язъян кечам бар.

1)дешархошна тетрадаш декъар

2)уьн т1ехь д1аязйина сочиненин ц1ераш:
,,Нохчийн мотт-йист йоцу хазна

,,Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста”

,.Хазчу дашо лам башийна

Дешархоша шайна къастайо церех цхьаъ


ΙΙΙ.Хьехархочун дош.
-Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш, ира мотт бу. Дог-ойла ма-ярра ц1ена, нийса,юьззина д1айийца,билгалъяккха йиш ю вайн маттахь.,,Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах кхеташ боцу нах бу”,-аьлла воккхачу 1илманчас П.К.Услара.Дуьнен т1ехь 3000 ца кхоччуш мотт бу. Царех 3-4 хаа беза х1оранна. Нохчийн мотт хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а,дазалла а гайтана дукхах болу яздархоша шайн произведенешкахь,стихотворенешкахь. Нохчийн х1инцалера литературни мотт кхуьуш бу шерачу аренгарчу нохчийн диалектан буха т1ехь. Оцу диалектехь мотт буьйцуш берш бехаш бу Грозни-г1алахь а, цунна гонаха йолчу еа-пхеа районехь а.

-Х1инца, аша шайн тетрадаш т1ехь схьаязйийръю шаьш ц1ахь кечйина йолу сочинени.



ΙV.Дешархоша сочинении язъяр.
V. Тетрадаш схьалахьдар.
VΙ.Ц1ахь бан болх:

1амийнарг карладаккхар.



5-г1а урок.
Урокан чулацам;Шалха элпаш а,церан нийсаяздар а.
1алашо:Шалха элпаш нийсаяздаран хаарш к1аргдар,шардар.

Урок д1аяхьар

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Дика язйина сочинени йоьшу хьехархочо.
ΙΙΙ.Шалха элпаш,церан нийсаяздар карладаккхар.
а) Хьехархочун дош.

Вайн йоза гуттара хилла дац оьрсийн алфавитан бух т1ехь.

1920-24-чуй шерашкахь иза хилла 1аьрбийн графикан бух т1ехь, цул т1аьхьа 1925-37-чуй шерашкахь латински графикан бух болуш х1оттийна нохчийн йоза. Вайн х1инца а бу баккхий нах латински графикан бух т1ехь хиллачу йозанна школехь 1амийнарш. Царна дика хаьа латински элпашца яздан. 1938-чу шарахь дуьйна тахханалц вайн йоза ду оьрсийн графикан бух т1ехь. Вайн меттан аьзнийн х1оттам чолхе бу.Оьрсийн маттера элпаш ца тоьу царна ц1е тилла.Цундела ду вайн алфавитехь шалха мукъа а, мукъаза а элпаш. Вай уьш 5-чу классехь 1амийра. Церан нийсаяздаран бакъонаш шуна хууш ю.

б) -Маса шалха мукъа элп ду нохчийн маттахь?Мукъазниш?

-Тетрадашна а, уьна а т1е д1аязде уьш.

-Муха ду церан кхолладалар?

-Дешархочо х1окху дешнийн диктант т1ехь дина г1алаташ нисде:

Дуккха, аьккхийн, ашкал, б1ег1иг, дакъаш (даккъаш), делкъалц(делккъалц), опа(оьпа),алха, арга, баккхал (бакалея),бахьаш,ц1къоц1къам, юкъкъехь.
ΙV.Дозуш долу къамел кхиор.
Уьн т1ехь хьалххе язйина байташ ю. Церан чаккхе хьехархочо книги т1ера йоьшу:

Юрт хадош цхьа бере хаьхкина воьду,

Х1ораммо куьг ластош, иза чувоьху,

Амма, йорт ца малъеш,т1ехтуьлу и…

Еха к1айн цуьнан маж мохо юхатуьйсу,

Цецбевлла, ларарца нах т1аьхьа хьуьйсу.

(М.Сулаев)

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муьлха ц1е туьллур яра аша цунна?

-Шу цецдевлла х1умма а дуй церан чулацам т1ехь?

-Шаьш кегий хетий шуна иштта г1иллакхе хила?

-Цхьанна гуш хила дезий г1иллакх?Гуттара ларъян езий оьздангалла?


V.Дешархошка шаьшка болх байтар.

1.Кхочушде 6-г1а шардар.

2.Предложенеш х1иттае.
VΙ.Жам1 дар.

-Муха хуьлу шалха элпаш?

-Маца кхолладелла йоза?

-Маса ду шалха элп?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Шалха элпийн нийсаяздар карладаккха.

2.Кхочушде 7-г1а шардар.

6-7-г1ий урокаш.
Урокан чулацам:Омонимаш,синонимаш,антонимаш.

Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс.


1алашо:Омонимех а,синонимех а, антонимех а долу хаарш т1еч1аг1дар,уьш

юкъахь йолуш предло-женеш х1итто хаар. Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс

билгалъяхаран хаарш карладахар.

Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан кечам бар.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
ΙΙΙ.Хьалххе- хаийтаран диктант.
Т1екхечира гуьйре. Стенна делахь а,оьпано санна латта ахка йолаелира сурок(экха).Раг1у к1елахь лаьттачу сайри к1ел а, цунна жимма сехьа а аракхоьхьучу лаьттан боккха барз х1оттийра цо. Дукха хан ялале т1улг а, жаг1а а болийра аракхехьа.Уьйт1арчу жимчу ц1ийнан лард а яра цо охкуш.

Боккха т1улг нисбелча, тоьттуш хьалабоьхьура цо иза.К1оргга лаьтта буха яхана, 1аьнна д1айижа кечлуш яра сурок.(Х-А.Берсанов.)

-Оьшучу интонацица д1аеша дийцаран кийсак.

-Шайн дешнашца схьайийца.

-Билгалдаьхначу дешнашна ялае антонимаш.

-Муха ду антонимийн лексически маь1на?

-Вайн маттахь дукхахдолчу дешнашна ялалур ярий антонимаш?

-Лардбохучу дешан лексически маь1на нийса я т1едеана ду?Муьлхачу шина маь1нехь лела и дош? Х1оттае цунна дошаман статья.

Кеп: лард[лардан,лардана,лардо,ларде,й; дукх.тер. лардаш,й].

1)Ц1ийнан бух (фундамент). Лард йог1а вуьйлира х1усамда.

2)Грамматически лард. Дешан лард билгалъяьккхира дешархочо.

-Латта-лаьттан-лаьтта буха-х1окху ц1ердешнашна лексически маь1на я кеп хуьйцу?

-Хан бохучу дашна ялае синоним.Муха хуьлу церан алар а, лексически маь1на а ?

Кхин дешнаш дуй кийсак т1ехь синоним яло мегар долуш?(Т1улг-чхар)

-Билгалдаьхначу дешнашна бе дошкхолладаларан къастам.


ΙV.Карладаьккхинарг т1еч1аг1дар.
1)Кхочушдо 11-г1ий,12-г1ий,14-г1ий шардаш кхаа кепехь, дешархой кхаа тобане а боькъий.

2)Дешархошка кхочушдайтина шардарш доьшуьйту,г1алаташ тодо.

3)Кхочушдо 15-г1а шардар.Дешархошка доьшуьйту,г1алаташ нисдо.
V.Дозуш долу къамел кхиор.
1)Нохчаша шайна юккъехь лелочу оьздангаллех лаьцна дуьйцу дешархоша,учебникан 11-чу аг1он т1ерачу плане а хьовсуш.

2)Муьлха эпиграф ялор яра аша иштта чулацам болчу сочиненина?

3)Оьздангалла ца хилча, сий хир дуй стеган?

4)Оьзда бохучу дашна х1оттае дошаман статья.


Кеп: оьзда (билгалдош)- г1иллакхе,к1еда-мерза,бакъахьара стаг.Тхан да г1иллакхе,к1еда-мерза, бакъахьара стаг ву.

5).Учебникан т1ехь йолчу планах пайда а оьцуш, цхьана кехат т1е язъе сочинени ,х1окхарах цхьа ц1е а харжий:


1),,Оьздангалла стеган сий ду”

2),,Хьо оьзда хилалахь, х1ай къона нохчо!”

3),,Уггаре хьалха оьздаверг х1унда лерина вайн дайша?”

4),,Оьзда мотт- оьзданчун г1иллакх”.

VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу омонимаш,синонимаш, антонимаш?

-Произведенешна юкъахь лелайой уьш?

-Дукха маь1наш хуьлий церан?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)15-г1а шардар кхочушдо


2)Бакъо дагахь 1амо.

8-г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ердош легор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.
1алашо:Ц1ердешан грамматически билгалонех долу хаарш карладахар,к1аргдар.Ц1ердашо предложенехь до синтаксически г1уллакх къастор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам балар.

Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)Масийттамо ц1ахь язйина сочинени д1айоьшу.Дешархошка хаттарш а долуьйтуш, сочиненеш ешначарна оценкаш йохку.

2)Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:

а)17-чу шардарна бухахь долчу хаттаршна йозанца жоьпаш ло.Даладо масалш.

б) Кхочушдо 17-г1а шардар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Дешархоша жоьпаш ло учебникан 12-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна.Даладо масалш.

2) Х1окху мог1анашкара ца оьшу дешнаш д1адайа:

а)ц1ердош,билгалдош,дош,хандош.

б)таллархочуьнца,ахархочуьнца.

в)пхиъ,ялхитта,б1е,дукха.

г)исс,етт,бутт,латта.

3)Кхочушде 19-г1а шардар.

4)Муьлха къамелан дакъош ду а хьажий,х1окху кепа нисде дешнаш:


Ц1ердош

Билгалдош

Терахьдош

Ц1ерметдош

Хандош































а) соцу,охьахьажа,къайладевлла,д1ахьедо.

б)езткъа,борх1азза,кхоалг1а,итт,эзар.

в)маха,къинхетам,стунваша,Ахьъяд,гуьйре.

г) х1ара, иза,со,тхо,вай,шу,массо а.

д)онда, къаьхьа,еак1ов,г1орг1а,букара.

-Х1ора дашна х1оттаде хаттар,йийца грамматически билгалонаш.

5)Муха къастор дара х1окху дешнаийн цхьаьнакхетаршна юккъера къаелан дакъош?

Х1ун? муха?

Говран оьзда - оьзда стаг

Чехка болар-чехка вог1ура

Латта ахка-арахь латта

-Муьлха къамелан дакъа ду къасталуш ца хилча, хуур дуй шуна цуьнан грамматически билгалонаш а,синтаксически г1уллакх а билгалдаккха?

-Вайн талламо х1ун гайти? Муха хуур ду къамелан дакъа нийса билгалдаккха?

-Дешархошца цхьаьна х1окху предложенеш т1ера къамелан дакъош билгалдаккху:



Стагана говза пхьпр хила дуккха хан а, ницкъ а беза.Цуьнан 1еминчу куьйгаша говза юьйцира юткъа бой.

-Хьалхарчу предложенехь говза боху дош муьлха къамелан дакъа ду?Муьлхачу дашца уьйр ю цуьнан?



Говза боху дош ц1ердашца уьйр а йолуш, цунах лозуш хилча, муьлха къамелан дакъа хуьлий лела?(билгалдош).

-Шолг1ачу предложенехь долчу говза бохучу дашна иштта таллам а бой къастадо иза хандашах дозуш хилар а, иза куцдош хилар а.Куцдош х1инца а 1амош дацахь а, иштта кхетам оцу къамелан декъах белча, дешархоша предложенина синтакически къастам беш атта билгалдоккхур ду:говза боху дош ц1ердашца уьйр йолуш делахь-иза къастам бу,ткъа хандешнашца уьйр йолуш делахь-латтам бу(хаттар цхьаъ делахь а)


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1)Кхочушдо 24-г1а шардар.Билгалдаха къамелан дакъош.
2)Кхеторан диктант.

Асмарт Доккмал цхьа шой биъ бутт жима яра.Цхьайтталг1а шо дара цуьнан.Тойсам цул цхьа шой ах шой жима вара.Уггар жимачу Сацитин ши шо дара.Човка бераш дийшинчуьра г1овттале йоьдура балха.Сатоссуш оза доладора хьелий. Бажа д1абаханчул т1аьхьа ц1а а йог1ий,ц1ахь г1уллакх а дой, балха юхайоьдура иза.Ткъа шаьш дисинчу бераша чоь юха а кегайора.(Х-А.Берасанов)

-Терахьдешнаш,ц1ерметдешнаш билгалдаха.

-Долахь долчу ц1ердешнашна буха сизаш хьакха.

-Бераша бохучу дашна морфологически къастам бе.

-Кегайора бохучу дашна дешх1оттаман къастам бе.

-Жима,жимачу,бераш,бераша бохучу дешнаша лексически маь1на я грамматически кеп хийцина?

-Антонимаш юй х1окху кийсак т1ехь?
V.Ц1ахь бан болх.
1.Кечам бе талламан диктантана.

2.Кхочушде 25-г1а шардар.



9-г1а урок.
Урокан ц1е:Талламан диктант
1алашо:1амийнарг т1еч1аг1дар.

Урок д1аяхьар.
1.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Текст д1айоьшу.

Хьаьмц.

Хьаьмц колл ларахь а,стомма а долуш, масийтта дитт ду. Хьаьмцо заза т1аьхьа доккху. Цо заза даьккхича,гота охучуьра сацош ю.Иза аьхке юлуш хиларан билгало ю.

Хьаьмцаш гурахь шело х1оьттича хуьлу.Уьш мадбелча,сискалца бууш мерза хета. Хи чу буллий, 1алаш а бо вайнаха хьаьмцаш,царех варени а йо.

Хьаьмца к1елахь хиъна 1аш хьан тидам хуьлу, дийнахь х1аваэхь лакхахула лелаш хилла ч1ег1ардигаш,лаьттах хьакхалуш ца хьакхалуш,лахахула леларан.И х1ун ду? И дера ду дог1а дан тохаделча лакхара т1унделла сагалматаш: чуьркаш, мозий лаьттана гергга охьадаьхкина хилар.

(Хь.Хасаев)

ΙΙΙ.Текст т1ехь болх.

1)Дешархоша шайн г1алаташ нисдо.

2)Билгалдаха ц1ердешнаш, билгалдаха ц1ердешнаш.

3)Шолаг1а предложени синтаксически талла.


ΙV.Жам1 дар
V.Ц1ахь бан болх
Ц1ердашах лаьцна карладаккхар.

10-г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.
1алашо:Даьхначу г1алаташна т1ехь болх бар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Тетрадаш д1асадекъар.
ΙΙΙ.Дукха даьхна г1алаташ дийцаре дар.

Дешархошка шайн г1алаташь болх бо1ту.Бакъонаш карлайоху.


ΙV.Ун т1ехь болх бар.

Ц1ердешнаш схьаяздар.


V.Схьаязъе г1алаташ даьхна предложенеш.

11-г1а урок.

Урокан ц1е:Къамелан дакъош(юкъара кхетам)
1алашо:Ц1ердош,билгалдош,хандош,куцдош а карладаккхар а,

церан синтаксически г1уллакх довзийтар а.1амийнарг

т1еч1аг1дар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан кечам бар.
ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

-Маца яздо вай дешан чаккхенгахь н элп?Даладе масалш.

-Къамелехь олий вай н элп?

-Муьлха къамелан дакъош 1амийна вай?

-Х1ун гойту цара?Даладе масалш.

-Кху предложенина бе морфологически къастам.

Ц1.дош. хан.д. хуттург. Ц1.д. хан.д. ц1ер.дощ.

Книгаш яхьар ю аьлла, дош делира ас цунна.

-Кхин муьлха къамелан дакъа девза вайна?

ΙΙΙ.Дешнаш т1ехь болх.
Ч1ана ю (билг.)-еда,питьё.

1адам бу(ц1ердош)- ужас.
ΙV.1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.
1)билгалдаха къамелан дакъош.

Стаг,аьхна,ц1ен, вахара,инкарло,болх,меллаша,еара,стохка,хаза,зезаг,стела1ад,ийцира,журнал.

а)Бераша гурахь синтарш дуьйг1ира.

б) Геннара гора йог1у сийна машен.

в) Асет а, Разет а, Ровзан а дика доьшуш ю

-Дуьйцу къамелан дакъойх лаьцна.

-Предложенехь церан синтаксически г1уллакх.
V.1амийнарг т1еч1г1дар.
-Кхочушде 27-г1а шардар.

-Предложенина бо синтаксически къастам.

-Т1аххьарчу предложенина бе морфологически къастам.
VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха къамелан дакъош девза вайна?

-Меран н маца яздо дешан чаккхенгахь?

-Муьлхачу дожаре даккха деза дош н элп дуй хьажа?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1. Бакъо карлаяккха.

2.Кхочушде 28-г1а шардар.




12-г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош,цуьнан маь1на а,морфологически билгалонаш а.

1алашо:Билгалдешан морфологически билгалонаш йовзар,церан синтаксически г1уллакх къастор.Билгалдош кхечу къамелан декъех къасто хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушдо 22-г1а шардар(4 предложени язйо)

-Билгалдаха къамелан дакъош.

-Ц1ердешнашна бе морфологи къастам кхаа кепехь.



ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Атта некъ, аьрха говр, аьчкан маьнга, башха йоза, бес-бесара къоламаш, бецан н1аьна, боьмаша мачаш, боьрша эса, букъан даь1ахк, довха дог, довха куьг, готта урам, гергара к1ант ,дайн стака,еак1ов керт, зене болх, ингалсан мотт,деден шаьлта,вешин сахьт.

-дийца , х1ун олу оцу дешнех.(Дешнийн цхьаьнакхетарш).

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

-Коьрта дешнаш муьлхарш ду?Дозуш дерш а билгалдаха.

-Муьлхачу а дешнийн цхьаьнакхетарна бе къастам.

муха?


Кеп: дайн стака

↓ ↓


Билгалдош ц1ердош

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Х1унда оьшу билгалдош?

2.Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу цуьнан?

3.Билгалдош ша лелий, цхьаьна а дошца уьйр йоцуш.

4.Х1ун гойту билгалдашо?Даладе масалш дешнийн диктантана т1ера.

5.И билгало муьлхачу къамелан декъан гойту цо?

6.Т1аккха билгалдашо ц1ердешан билгало гойту ала мегар дуй?

7.Бес-бесара зезагаш дара бешахь.


-Билгалдош муьлхачу дашах дозуш ду?Муха хии иза?(Хаттар х1оттийча).

Зезагаш муха ду?-бес-бесара.

-Муьлхачу а ц1ердашца лелий бес-бесара боху билгалдош?Бес-бесара бошмаш ала мегар дуй?(Дац.Билгалдош муьлхачу а ц1ердашца ца лела)

8.Кхин билгалдешнаш хир дарий те зезагийн кхин а билгалонаш гойтуш?



Даккхий зезагаш,хаза зезагаш,арара зезагаш,бешара зезагаш,лекха зезагаш.

-Зезагийн билгало гойтий оцу дешнаша массара а?

-Х1унда аьлла царех билгалдешнаш?Муха ду церан хаттарш?

-Терахьашца а,дожаршца а хийцалой билгалдешнаш?

-Легаде йоккха к1удал,яккхий к1удалш боху дешнийн цхьаьнакхетарш классан уьна а, тетрадаш т1ехь а.

-Х1ун гойту х1окху билгалдешнаша:ц1еран серло,арахьара стаг,аьхкенан денош,дашо сахьт, мерза кхор.


9.Дешархошка йоьшуьйту 1-ра §,ца кхетачух кхета а беш.

V.1амийнарг тё1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 27-г1а шардар.

2.Кхочушдо28-г1а шардар.

VΙ.Урокан жам1 дар.

-Стенах олу билгалдош?

-Муха кхета шу билгалдашах?

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 1-ра §

2.Кхочушде 29-г1а шардар.
13-14-г1ий урокаш.
Урокан ц1е:Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш.
1алашо:Билгадешнийн тайпанаш довзар.Хаа деза уьш вовшех къасто,муьлхачух олу

Юкъаметтигаллин?Доладерзоран?Цра х1ун гойту?



Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.шардар барта толлу.

2.бакъо схьаюьйцуьйту.
ΙΙΙ.Хаьржина диктант.

Сихха хьалахьаьжира аса б1аьргаш ,Лекхачу екхначу стиглахула тийна нека деш къилбехьа оьланаш йина д1ашершара к1айн кегийн,яйн мархаш.Ц1еххьана сан коьрта т1ехула хьаьвзира кегийчу чуьркийн дийнна цхьа ж1уга.Царех масех чуьрк хааелира суна сайн метта т1ехь.

-Билгалдешна буха сиз хьакха ,дийца церан тайпанаш.

-Муьлхачу къамелан деъкна уьйр ю церан.

Кеп: Лекхачу екхначу стиглахула-билгалдашо гойту мухалла.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина кеп:

Билгалдешнийн тайпанаш.


мухаллин

юкъаметтигаллин

доладерзоран

Мухалла гойту.

Муха? Муьлха?



Х1уманний, цуьнан билгалоний юккъехь йолу юкьаметтиг гойту.

Х1ума хьенан я стенан ю.

1)(доладер-н) аьттан шура,йишин бер, Эдалханан некъаш, цхьогалан ц1ока, г1умкийн мотт;

2)(юкъам-н) аьчкан ков, таханлера де,лулара нах,хьалхалера зама,дененан туьйра;

3)(мухаллин)хала хьесап, дуткъа к1ади, дера хьаьким,токхе гуьйре,лекха дег1.

2.-Маса тайпа ду билгалдешнийн ?

-Муьлха билгалдешнаш нисдина хьалхара кепа чу?

3.Дешархошка йошуьйту 2-г1а§.

-Муьлха билгалдешнаш яздо доккхачу элпаца?
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 32-г1а шардар.

2.Гуьйре ,стигал,мархаш,мох, латта, аренаш,хьаннаш,акхарой,олхазарш,г1аш,дитташ,хи, зезагаш, буц,дог1а-бохучу ц1ердешнашна уллохь язде билгалдешнаш,шайн оьшучу терахье а, дожаре а х1иттош .Билгалдешнийн тайпанаш билгалдаха.

Кеп:Хаза гуьйре,дашо гуьйре,шийла гуьйре.


VΙ.Жам1 дар.

1.Муха къастадо билгалдешнийн тайпанаш?

2.Мухаллин билгалдешнаша х1ун го1ту муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?Даладе масалш.

3.Юкъаметтигаллин билгалдешнаш.Даладе масалш.

4.Доладерзоран билгалдешнаша муьлхачу хаттаршна жоп ло.Х1ун гойту цара?Муха яздо долахь йолчу ц1арах кхолладелларг?

Даладе масалш.


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 2-г1а §.

2.Кхочушде 33-г1а шардар.

15-г1а урок.
Урокан ц1е:Лааме а,лаамаза а билгалдешнаш.
1алашо:Лааме а,лаамаза а билгалдешнаш довзийтар,

Уьш вовшех къасто хаар.



Достарыңызбен бөлісу:
  1   2   3   4   5   6   7   8   9


©kzref.org 2017
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет