Урок. Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош. 1алашо: Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар. Х1инцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар. Урок д1аяхьар



бет2/9
Дата17.03.2018
өлшемі1.31 Mb.
#21178
түріУрок
1   2   3   4   5   6   7   8   9

Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу мухаллин а, доладерзоран а тайпанаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Хаттарш.

-Стенах олу билгалдош?

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу билгалдешни?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Маса тайпа ду билгалдешан ? Муьлхарш?


2.Беснеш т1ехь богура хилла баьллачу 1ожан ц1ен бос,сема хьоьжура 1аьржа даккхий б1аьргаш.Аснарта нохчийн маттахь ч1ог1а дика байташ язйо.

-Предложенеш д1аязйо ,мухаллин билгалдешнаш схьакъастадо.

3.Легаде дешнийн схьанакхетарш.:

Чехка говр, ненан коч, жима к1ант.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Билгалдешнаш лаамаза а, лааме а хуьлу.

Лаамаза билгалдош ц1ердашца уьйр йолуш хуьлу.Масала:Хаза коч, дика йо1, сийна стигал.

Лааме билгалдош билгалдешан а,ц1ердешан а метта лела.Масала:жиманиг,хазаниг,эсалниг.





лаамаза

лааме

Хаза йо1,воккха стаг,эсала нус,шийла 1а.

Хазаниг,воккханиг,эсалниг,шийланиг.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 35-г1а шардар.

2.Кхочушдо 36-г1а шардар.

-Лаамаза а, лааме а .


VΙ.Урокан жам1 дар.

-Лаамаза билгалдешнаш муха лела?

-Лааменаш билгалдешнашна х1ун т1е кхета?

-Лаамерчаьрца лелий ц1ердешнаш?


VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 37-г1а шардар.

2.1амае 3-г1а §.
16-г1а урок.
Урокан ц1е:Билгалдешан синтаксически билгалонаш.
1алашо:Лаамазчу, лаамечуй билгалдешнийн предложенехь

синтаксически г1уллакх муха ду хаар.Предложенехь

муьлха меже хуьлий лела.

Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Цабезаман билгалонаш, Адаман дахар, олхазарийн г1овг1а, адамийн г1иллакх,оьздачу куьцах, стиглара седа, ч1ог1ачу тулг1ено,нехан юкъаметтиг,х1уманан кхачам,ирсе де, паччахьан 1едалх, коьмаршачу нехан, дарбане бецаш,вешин куй.
--Билгалдешнийн тайпа билгалдаккха:лааме билгалдешнаш кхолла, царна суффиксаш кхолло т1етохарца.
ΙV.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушде 38 -г1а шардар.

2.бакъо ешар.
V.Керла коьчал йовзийтар.

Хьалххе уьн т1ехь язйина ю предложенеш.


1.Масане тамашийна(муха?) сурт х1оттийна хир ду тхан юьртахь.

2.Хьамидг1еран доьзалехь воккханиг( мила?) ц1ахь вацара.

3.Зайнаа т1оьрмигех боккаханиг ( муьлхарниг?) д1абихкира.

4.Хьомениг, ас декъал во хьо винчу денца!

- Дешархоша х1ора предложенехь билгалдоккху билгалдешнийн синтаксически г1уллакх.
VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.4-чу параграф т1ехь йолчу предложеница т1едилларе хьаьжжина болх бе.

2.Кхочушде 38-г1а шардар.
VΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.39-40-г1ий шардарш кхочуш де.

2.Ши предложени синтаксически къастае.
VΙΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Тахана муьлха тема 1амий вай?

-Предложенехь муха лела билгалдешнаш лаамаза а,лааме а.

-Т1едерзар хуьлий лаамечу билгалдешнах.


ΙX.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 4-г1а§

2.Кхочушде 41-г1а шардар.


17-18-г1ий урокаш.
Урокан ц1е:Изложени:«Ча а, зударий а.»
1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Нийса предложенеш х1итто хаар.


Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Текс ешар.

Текст хьехархочо йоьшу, барта чулацам бовзуьйту.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьту.
ΙΙΙ.Текст дешархоша д1аязйо.

Ча а, зударий а.

Кабехий,Бикатуй яхара хьуьнах хи чу бохка кхораш лахьо.Лекха а, буьрса а яра хьун. Ширчу некъашкахула, хьуьнан кхораш лоьхуш, генна д1аяхара и шиъ. Ирзу тайпа цхьана майдана кхаьчча,саттийна охьабан боллуш кхор карийра цу шинна.Маьлхан серлонгахь, лоппаргаш санна, лепара ношбелла кхораш.Кхуран к1ело хьешна яра. Наггахь а кхор ца битинера охьаэгначех. Лохо кондарш д1а а, схьа а кегош, леррина лехча ши кхоъ ношбелла кхор карийра Бикатуна.Церг а тоьхна хьаьжча, чам тайра цунна.

-Эх1 , х1орш ч1ог1а дика чам болуш кхораш бу! - кхура т1е хьалахьаьжира Кабеха.

-Х1ара х1ун ду? Цхьа адамаш леллачух тера ма ду кху к1елхула. Т1ехь саттийна кхораш а бу.

-Же,шимма а т1е яьлла,массо а га ластош, кхораш охьаэго беза вайшимма,-аьлла, хьалаелира и ши зуда.

К1ело юьззина кхораш охьаэгийра цу шиммо.

Ши зуда охьа а йоьссина, кхораш лахьо йолаелча, юьстах хьуьн чохь татанаш хезира цу шинна.Ладуьйг1ира шина зудчо.Я ча, я нал , я бежна- цхьаъ хила еза-кх и татанаш дийриг аьлла хеттачу хенахь, т1аьхьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, чуьхьаьдда йог1ура ча.

-Ва-а, орца дала!!!...-маьхьарий а хьоькхуш, кхин х1ун чохь ца соцуш,едда ц1а еара и ши зуда.

Едда ши зуда кхин тергал а ца еш, адамо санна, меллаша схьа а лехьош, кхораш баа охьахиира ча.
ΙV.Изложенин т1едиллар.

Билгалдешнаш билгалдаха.


V.Тетрадаш т1е д1аязйо изложени.
VΙ.Г1алаташ т1ехь болх.

19-г1а урок.
Урокан ц1е:Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар.
1алашо:Хаа деза,билгалдешнийн терахьашца хийцадалар муха хуьлу,

массо а билгалдош хийцалой терахьашца, стенах доьзна ду и.

Дешархой кхето беза, юкъаметтигаллин билгалдешнаш терахьехь

Ц1ердашца уьйр йолуш цахиларх.



Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу мухаллин а, доладерзоран а тайпанаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.


ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттае, уьш д1аязъе.






  1. ? !



2) ткъа ● амма








-Предложенешна юкъа лааме, лаамаза билгалдешнаш даладе.

2.Д1аязде лааме билгалдешнаш.Суффиксаш сизахца гайта:

Халкъаниг,майраниг,цхьогалниг,осалниг,юьзнарг,к1органиг,онданиг,к1езганиг,мерзаниг,гондархьаниг,декъазниг,чехканиг,дераниг,селханлераниг,ломарниг,к1айниг,т1ерг1аниг,хьомсарниг,оьзданиг.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:



билгалдешнаш

Х1ун гойту цара

Терахьашца хийцалой?

1

2

3

Йоккха юрт

Йоккхалла, лаамаза,мухаллин билгалдош

Яккхий ярташ

Жима йо1

Жималла гойту,мухаллин билгалдош

Кегий мехкарий

Деха дег1

Локхалла гойту мухаллин билгалдош

Деха дог1маш

Ломара хьаша

Юкъаметтигаллин билгалдош

Ломара хьеший.

Малхбузу ламаз

Юкъаметтигаллин билгалдош

Малхбузу ламазаш

Чехканиг,декъазниг,гергарниг,воккханиг

Лааме билгалдош

Чехканаш,декъазнаш,гергарнаш,

Баккхийнаш


-Стенга хьаьжжина хийцало билгалдешнаш терахьашца?

-Йоккхалий, жималлий, бараммий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш муха хийцало терахьашца?

-Юкъаметтигаллин билгалдешнаш?

-Лааме билгалдешнаш деррриге а хийцалой терахьашца?

-Хьехархочун г1оьнца жам1 до билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 42-43-г1ий шардарш.

2.«Г1иллакхийн хазна» аьлла болх болор бу вай тахана,г1иллакхах лаьцна хьехамаш а,кицанаш а яздеш:

1)Мархийн бутт базбеш, марханаш кхабар,нагахь шен марха дацахь, нахана юккъехь бага х1ума ца 1иттар.

2)Воккханиг т1евог1уш кевне я не1аре кхочуш велахь, жимчо воккханиг чувохуьйту.

3)Кхо стаг д1авоьдуш,воккханиг юккъехь а волуш,цул жиманиг аьрру аг1ор а волуш,уггаре жиманиг аьтту аг1ор а волуш хуьлу.

4)Эрна дош цаалар, аьлла дош лардар.

5)Дина кост а, дина весет а д1аалар.

6)Хьайна хууш долу хаза г1иллакхаш нахана 1амор Далла хьалха деза ду.

7)Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг-стаг вац.(С.Цугаев)

Д1абеша хьехамаш.

-Лексически маь1нех ца кхеташ дуй дешнаш?

-Шайн дешнашца схьабийца церан чулацам.

К1оргера буй и-Шаьш кегий хетий шуна царех кхета а,уьш кхочуш бан а?

-Билгалдешнаш дукхаллин терахье а х1иттош, схьаязде.Дийца,муха кхоллало церан дуккхаллин терахь.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 45-г1а шардар.

2.1амае 5-г1а §.

3.Г1иллакхах лаьцна долу ши- кхо кица язде.



20-г1а урок.
Урокан ц1е:Билгалдош классашца хийцадалар.
1алашо:Хаа деза, муьлха билгалдешнаш хийцало классашца,

Иштта билгалдаккха деза,церан хийцадалар шайца

долчу ц1ердешнашца хьаьжжина хилар.

Юкъаметтигаллин билгалдешнаш классашца ца хийцало;

хаа деза , х1унда ца хийцало.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Фронтальни хаттарш:

-Муха кхоллало лаамазчу мухаллин билгалдешнийн дуккхаллин терахь?

-Муха хийцало юкъаметтигаллин билгалдешнаш дуккхаллин терахьехь?

-Лааме билгалдешнаш хийцалой дукхаллин терахьехь?Даладе масалш.

2.Дешархошка доьшуьйту ц1ахь кхочушдина 45-г1а шардар.Ц1ердешнийн дожар,терахь,класс, легар билгалдаккха.


ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 44-г1а шардар.

2.Билаглдаха ц1ердешнийн терахь а, дожар а, класс а, легар а.
Дикачу ойланца, тхевне хьоьжура, д1адаханчу к1иранах,асфальтан некъаш, хазачу йо1ана,къонахчун дешнаш.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:




Классашца хийцало

Классашца ца хийцало

1.Шайца классни гайтамаш болу мухаллин билгалдешнаш:йоккха,воккха,доккха,боккха.

Церан хийцадалар ц1ердешнашка хьаьжжина

хуьлу:йоккха дечиг, боккха етт, доккха хи, воккха хьаьким.


1.юкъаметтигаллин билгалдешнаш:оршотан де, баьллийн мутт,б1арийн т1амарш.

2.Х1уманан бос, чам гойтуш долу билгалдешнаш:



Можа лимон, теза берам, баьццара аре, муьста шура.

-Х1окху кепе а хьожуш, дешархоша билгалдоккху, муха ду билгалдешнийн классашца хийцадалар.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 46-г1а шардар.

2.Учебникан дошам т1ера схьаязде аграрни,айпе боху билгалдешнаш.Дийца церан лексически маь1на,тайпа.Классашца хийцалой уьш?

-Уьш юкъахь долуш ши предложени язъе.Схемаш х1иттае царна.

3.Доца,боца,йоца,воца бохучу билгалдешнашна улло маь1ница дог1у ц1ердешнаш язде.

Барта предложенеш х1иттае цаьрца.Дийца билгалдешнийн классашца хийцадаларх лаций.


VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 48-г1а шардар.

2.1амае 6-г1а §.

3.1аламах сочинени ц1ахь язйо тетрадаш т1ехь.



21-г1а урок.

Урокан ц1е:Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар,суффиксаш.
1алашо:Мухаллин билгалдешнийн даржаш муха кхолладелла хаар,церан суффиксаш.

Муха кхоллало т1ехдаларан дарж, и кхоллалуш г1оьналлин дешнаш:



сов,т1ех, вуно, 1аламат, инзаре, уггаре а.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархоша дуьйцу ц1ердешнийн классашца хийцадаларх лаьцна.

2.Доьшу ц1ахь кхочушдина 48-г1а шардар.

3.Шина-кхаа дешархочуьнга йоьшуьйту 1аламах сочиненеш.Г1алаташ тодо.



ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттае, уьш д1аязъе.



А: «М» . «М!»-а.

«М!»-а. «М»,-а.

-Дуьйцу ма-дарра къамелехь дохкучу сацаран хьаьркех лаьцна.

2.Лаамазчу билгалдешнех кхолла лааменаш.Суффиксаш сизашца билгалъяха.

Хьаг1ан к1ур, хьавлин мах,ц1евнийн мог1а,к1езан г1овг1а,хьомсара накъост, боккха мохк.

-Терахьашца хийцалой уьш? Классашца хийцалой лааме билгалдешнаш? Даладе масалш.



ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:



Юхьанцара дарж.

Дустаран дарж

Т1ехдаларан дарж.

Мухалла кхечу дешан мухаллех юсту.

Х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллех юсту

Шина дашах лаьтта,х1уманан мухалла лакхаялар гойту.

К1айн,дика, к1еда,оьзда,сийна,буьрса, оьг1азе.

К1айхо,дико,к1едо.сийно,оьздо, буьрсо, оьг1азо.

Сов к1айн,т1ех к1еда, 1аламат сийна,вуно буьрса,уггаре оьг1азе.


-Муха ду мухаллин билгалдешнийн даржаш?

-Ц1е яккхал церан.

-Муха кхоллало уьш?

-Т1ехдаларан дарж маа дашах латта тарло? Жам1 до билгалдешнийн даржийн кхолладаларх лаьцна.


V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 50-51-г1ий шардарш.



VΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:


Ι

ΙΙ

1.Кхочушдо 47-г1а шардар.

2.Кхочушдо 52-г1а шардар.

3.52-чу шардар т1ера 3-чу предложенина бе синтаксически къастам.

4.Вог1ург бохучу дашна бе дешх1оттаман къастам.



1.Кхочушдо 49-г1а шардар.

2.Кхочушдо 53-г1а шардар.

3.Дешх1оттаман къастам бе къинхетам ,аьхкенан бохучу дешнашна.

4.Буьйса бохучу дашна бе фонетически къастам.



VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Х1ора билгалдешан даржана даладе пхиппа масал.

2.1амае 7-г1а §.

22-г1а урок.

Урокан ц1е: Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

1алашо:. Билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр, уьш муьлхарш ю хаар.

Билгалъяха еза лаамечу билгалдешнийн лач дожаршкахь йолу чаккхенаш.



Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Хьалххе хаийтаран диктант.

Цхьа исбаьхьа гора хьаннийн аьрцнаш. Мерзачу набарна йийшича санна хеталора цхьаццанхьа стиглахь гулъелла к1айн мархаш. Б1аьстенан т1аьххьара денош дара хазделла лаьттарш.

-Ишттачу цхьана дийнахь хьаьвда дан ж1олмаш ян воьдучу шен воккхачу вешина Салман гонаха хьаьвзира.

-1усман, со а ваийтахь, ас г1о дийр ду хьуна…,-элира Салмана.(Д.Кагерманов.)

-Билгалдешнийн терахь, тайпа билгалдаккха.

-Мерзачу бохучу билгалдашах дустаран,т1ехдаларан даржаш кхолла.

-Исбаьхьа бохучу дашна синонимаш ялае;к1айн,мерза бохучу дешнашна антонимаш ялае.



ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашкахь д1аязде.

-Дийца,муха кхолладелла уьш.
1аьржа буьйса,лекхачу дег1ахь,векъана стаг,еха коч,жима йо1,к1орга г1у,чехка ойла,хала болх,ондий кевнаш,чолхе зама,сирла б1аьргаш,кхоьллина де.

-Барта даха билгалдешнаш дукхаллин терахье.Муха кхоллало иза?

2.Буткъа,вуткъа,дуткъа,юткъа, бохучу билгалдешнаша улло язде цаьрца маь1ница дог1уш долу ц1ердешнаш.

-Лааме билгалдешнаш кхолла царех.

-Шинца х1оттае предложенеш а,царна схемаш а.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Легадо тешаме накъост,тешамениг боху лаамаза а,лааме а билгалдешнаш.

-Муьлха билгалдош дара хьалха легийнарг?Шолг1а?

-Муьлха билгалдешнаш чудог1у 1-чу легарна?Шолг1ачунна?

-Чаккхенаш сизашца билгалъяха,муха хуьлу уьш лаамазчу мухаллин билгалдешнийн?Лаамечеран?

2.Йоьшу 8-г1а§.

3.Жам1 до:1)Мухаллин лаамазчу билгалдешнийн(1 легар) лач дожаршкахь чу чаккхе хуьлу.

2)Лааме билгалдешнаш(2легар) хийцало 4-чу легаран чудог1у ц1ердешнаш санна.



V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 55-г1а шардар.

2.Кхочушдо 57-г1а шардар.

3.35-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш ло.Масалш даладе шардарш т1ера.



VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

«Г1ИЛЛАКХИЙН ХАЗНА»

1)Стагана вон болх хилча-халахетар, дика болх хилча-халахетар.

2)Гиллакхан мах ахчанца хадалуш бац.

3)К1оршаме стаг нахана везаш вац.

4)Хазачу духарцатодина стеган куц,оьздангалла цуьнца яцахь, доьхна ду.

5)Стаг вовза лаахь,цуьнан ойланийн к1оргенашка кхиа веза(С.Цугаев)

-Легаде билгалдаьхначу дешнийн цхьаьнакхетарш.

-Йийца церан легаран бакъонаш .Чаккхенаш сизашца билгаляха.

-Схьаязъе антонимаш.Царех шинца барта х1иттае предложенш.

-Билгалдешнийн терахьаш, тайпанаш, дражаш,легарш къастаде.

-Г1иллакхе,к1оршаме,хаза бохучу билгалдешнашна ялае синонимаш.

-Морфологически къастам бе 5-чу предложнерчу ц1ердешнашна.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 8-г1а §.

2.Кхочушде 54-г1а шардар.Билгалдешнийн дожарш къастаде,дийца церан легар.

23-г1а урок.

Урокан ц1е: Билгалдешнийн кхолладалар, церан суффиксаш.

1алашо:Хаа деза, муха кхоллало билгалдешнаш.

Маса некъ бу уьш кхолладаларан.

Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш.

Урок д1аяхьар.
1.Урокан кечам бар.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх байтар.



1 –ра кехат

1.Дийца билгалдешан классашца хийцадаларх лаций.

2.Легаде болатан эчиг,кхоран синтар,букара сиз боху дешнийн цхьаьнакхетарш, букарниг-лааме билгалдош.Чаккхенаш сизашца билгалъяха,церан нийсаязъяран бакъонаш йийца.

3.Масех г1иллакхе хьехам д1аязбе.


2-г1а кехат

1.Дийца мухаллин билгалдешнийн даржаш.Даладе масалш.

2.Бекъана,декъана ,екъана, векъана бохучу билгалдешнашна уллохь язде цаьрца дог1у цё1ердош.Лааме билгалдешнаш кхолла царех ,шиъ легаде,Чаккхенаш билгалъяха.



3-г1а кехат

1.Билгалдешнийн легарш,дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

2.Билгалдешнийн тайпа,терахь, класс,дарж,дожар, легар билгалдаккха:



1алавдин говзалла, даккхийчу лаьмнийн , нохчийн лаьттан маь1данашна, Орган тулг1енех, цхьогалан к1орнешца.


ΙΙΙ.Кхеторан диктат.

Сай, бодий къастале Мелимата Деле шен доьзалан некъ дика хилийтар доьхуш ламазана кечамаш беш тассий,г1уммаг1ий хьадина, самабаьккхира ховхачу набарха боьлла доьзал.Мелимата дешначу аятан вахана шайн говраш а,стерчий а 1алашдеш хьаьвзира 1аба.(Ш.Окуев)

-Билгалдаха билгалдешнйн дожарш,йийца церан чаккхенаш нийсаязъяран бакъонаш.

-Предложенийн цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха , дийца царна ехкинчу сацаран хьаьркех лаций.

-Антонимаш билгалъяха

-Дешнаш бохучу ц1ердашна бе морфологически къастам.


ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:




Билгалдешнийн кхолладаларан некъаш:

Суффиксийн г1оьнца кхоллало:

Масалш:

1-ра

-ан,-нан,-анан,-ран,-ман.

Не1аран т1ам,кучан нуьйда,к1айн к1ади,дог1анан т1адамаш.

2-г1а

-ар,-ер.

Г1алара совг1ат,1умарера кехат.

3-г1а

-за,-аз

Оьг1аза,дегаза,сийсаза,эвхьаза.

-Ц1ердешнаш доланиг дожарехь билгалдешнийн маь1нехь лелий?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш?И муьлха некъ бу?

-Ц1ердешнех кхоллалой билгалдешнаш?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца?Иза муьлха некъ бу?

-Муха кхоллало дацаран маь1нехь долу билгалдешнаш?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца? Цунах муьлха некъ олу?

-Жам1 до,билгалдешнийн кхолладаларан некъаш а дуьйцуш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 58-г1а шардар.



Каталог: uploads -> doc -> 0201
doc -> Пєн атауы: Математика
doc -> Сабаќтыњ тарихы: ХІХ ѓасырдыњ 60-70 жылдарындаѓы ќазаќ халќыныњ отарлыќ езгіге ќарсы азаттыќ к‰ресі
doc -> 1 -сынып, аптасына сағат, барлығы 34 сағат Кіріспе (1 сағат)
doc -> Сабақтың тақырыбы: XVIII ғасырдың бірінші ширегіндегі Қазақ хандығының ішкі және сыртқы жағдайы Сабақтың мақсаты
doc -> Сабақтың тақырыбы: XVIII ғасырдың бірінші ширегіндегі Қазақ хандығының ішкі және сыртқы жағдайы
0201 -> Сабақтың тақырыбы Жетісудағы Қарақытайлар Сабақтың мақсаты


Достарыңызбен бөлісу:
1   2   3   4   5   6   7   8   9




©kzref.org 2022
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет