Урок. Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош. 1алашо: Нохчийн мотт хьал долуш хилар хаийтар. Х1инцалера нохчийн литература муха кхоллаелла хаийтар. Урок д1аяхьар



жүктеу 1.31 Mb.
бет9/9
Дата17.03.2018
өлшемі1.31 Mb.
түріУрок
1   2   3   4   5   6   7   8   9

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.

ΙΙΙТекст аларца д1аязъяр.

Эзар барх1 б1е шовзткъе барх1алг1ачу шарахь йолхитталг1ачу июлехь Шела улло гулбира Шемала Нохчийн наибаш а,1еламнах а. Итт де хьалха Шуьйта а гулбинера цо уьш.Йохийна, ягийна,ерзина яьхначу хьаннаш юккъехь,шуьйрачу арахь тийна д1ах1иттина лаьтта нохчийн эскарш.Имамна т1евеанчу нохчийн коьртачу наиба шелахойн Т1елхига кхуза муьлха наибаш баьхкина а,цаьрца мел б1аьхой бу а дийцира цунна доцца.Шемала б1аьрг туьйхира б1аьхошка.Дуккха а т1емашкахь зийначу,х1оккху Шемалх дуьненахь а ц1е яхана турпалхо винчу нохчийн хьалхалерачу майрачу гвардех бисина цхьа кана т1емалой.Царна хьалха лаьттара ц1арна а ц1е яхана шелахойн Т1елхаг, шотойн Ботукъ а, гиххойн Сайдулла,бенойн Бойсг1ар,аьккхойн Гойтмар,гендаргенойн 1иса кхин болу г1арабевлла наибаш а.

-Ладог1ал,майра нохчий,-мохь туьйхира Шемала.

Аре д1алаьцна долчу эскаро тапъаьлла ладуьйг1ира.

Грамматически т1едиллар.

1)Хандешнашна буха сиз хьакха.

2)Шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам


ΙΙΙ.Жам1 дар

Кхин цкъа а йоьшу тет радаш схьалахьдо.


ΙV.Ц1ахь бан болх

Хандешнех лаьцна карладаккхар.



129-г1а урок.
Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.
1алашо:Г1алаташ бакъонашца нисдар.

Урок д1аяхьар.


1.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх.(Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)
ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 333-г1а шардар.

2.Кхочушдо 335-г1а шардар.

.а)Хандешан хенашкара билгалзачу кепе даха хандешнаш хаттарш а х1иттош.

.б)Билгалзачу кепера карарчу хене х1иттаде хандешнаш.

.в)Цхьана дашна бе фонетически къастам.


ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:


-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

-Стенах олу билгалза кеп?

-Билгалзачу кепан х1ун хаттарш ду?

-Билгалзачу кепехь меран аз н маца яздо?



V.Дешархошка шайга болх байтар.

Х1ара предложенеш язйо дешархоша уьн т1ера схьа.



Дикка хало лов зударша буракашна асар дечу меттехь хи доцуш .Дуккха а хан йов церан генна и хи дан оьхуш.„Шовда дара гена доццуш,ˮ - олу Яхьъяс. Т1аккха вов, шега дина декхарш кхочушдан йиш а ца х1уттуш. Атта дац дайна д1адаьлла шовда юха каро. Иза лардан дезаш хиллера массара а.
-Хандешнашна буха сиз хьакха ,хаттарш х1иттаде.
VΙ.Жам1 дар.

Диктантехь яьхна оценкаш д1а а йохкуш, дика а, вон а бина белхаш билгалдоху.


Оценкаш д1айохку.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Кхочушде 334-г1а шардар.


130-г1а урок.
Урокан ц1е:Билгалдош, цуьнан синтаксически г1уллакх.
1алашо: Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар.

Къамелехь билгалдешнех нийса пайда эца хаар к1аргдар.


Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.
ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Хандашах 1амийнарг карладоккху учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш а луш,масалш а далош.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1даран шардарш.

1.Барта кхочушде 335-г1а шардар.

2.Кхочушде 336-г1а шардар.

-Стенах олу лаамаза билгалдош?Лааме?Муха хийцало уьш?

3.Легаде к1айн кхокха,к1айниг боху дешнаш.Чаккхенаш сизашца билгалъяха.

4.Т1ехдаларан дарж кхуллуш долу дешнаш дог1учохь улло язде билгалдешнашна(сов, т1ех,вуно, 1аламат,инзаре,уггаре а.)


1аьржа тиша

яккхий декъаза

генара гергара

сонта сийна

къен шийла

къона тийна

5.Билгалдаха билгалдешан тайпанаш(къовларшна юкъахь):

Дарин бос,г1алара кхаъ,кибарчиган ц1енош,эсийн ж1уганаш,куьзган б1аьрг,1ожан 1индаг1,Адаман говр, хьуьнан ц1азам,болатан тур,ненан безам,цхьогалан лар,чанан бен,берийн беш,башха йо1.



V.Комментированни яздар.

Ч1ог1а хаза еара оцу дийнан 1уьйре.Май беттан байчу,мелачу мохо хьоьстура юьхь а,корта а.

Нускалан духар дуьйхича санна лаьттара ураман шина а аг1ор, дайн г1аш а дегош,гуш долу стоьмийн дитташ .Мел чуийзарх кийра ца 1ебаш,ц1ена а,дайн а дара х1аваъ.Цхьа тамашийна исбаьхьа мукъам бекара даг чохь.Цхьацца долчу ков-керташца уллохь гучу бархат санна к1едачу,семсачу бацахула керча лаьара.(М.Мусаев)

-Шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам.

-Предложенин муьлха меженаш ю билгалдешнаш?

-Муха кхолладелла дийцаран кийсак т1ера билгалдешнаш?


VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Къамелехь билгалдешнех-синонимех пайда эца хаар доккха маь1на долуш ду.Синонимаша мотт бийцар тодо,х1уманан тайп-тайпана аг1онаш,амалш гайта таро хуьлуьйту;цхьанатайпана дешнаш къамелехь далорах ларво.

-Маса,чехка,сиха,каде,т1ах-аьлла,х1айт-аьлла;г1иллакхе,к1еда-мерза;товш-безамехь бохучу синонимашца предложенеш а х1иттош,д1аязъе.Г1иллакхе бохучу дашна бе фонетически къастам.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Хандош юкъахь долуш 6 предложенеш язъе.
131-г1а урок.
Урокан ц1е:Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.
1алашо:Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар.

Лаамечу масаллин а, рог1аллин а терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар.


Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш скъастадо.

2.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу билгалдош?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Лааме а, лаамаза билгалдешанш муха лела?

-Дожаршца а, терахьашца а, классашца а хийцалой билгалдешанш?

-Цхьалхе а,чолхе а,х1оттаман а хуьлий терахьдешнаш?


ΙΙΙ.Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар.
Терахьдош къамелан дакъа ду, цо терахь билгалдо маса? масалг1а? бохучу хаттаршна жоп ло.Терахьдешан 10 тайпа ду.Уьш лааме а, лаамаза хуьлу.Дожаршца а,классашца а хийцало.

1.Билгалдаха терахьдешнийн тайпа: кхоъ,цхьайтта,ткъолг1а,пхиппа,ялх-ялх,итт-цхьайтта,ворх1е а,ший а,эзар,ворх1-уьссалг1а,шиъ-кхоалг1а.

2.Легаде барх1 сахьт, дейтта кор.

-Терахьдешнийн чаккхенаш билгалъяха.


ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 338-г1а шардар.

2.Кхочушде 340-г1а шардар.

-Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнашна буха сиз хьакха.

3.Терахьдешнаш юкъах адолуш 10 дешнийн цхьанакхетарш язъе.
VΙ.Жам1 дар.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.§§13-24 –г1ий карлаяха.

2.Кхочушде 342-г1а шардар.

132-г1а урок.
Урокан ц1е:Доладерзоран,дерзоран-доладеозоран,гайтаран,хаттаран,юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш.
1алашо:Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаккхар.

Къамелехь тайп-тайпанчу ц1ерметдешнех а, церан дожарийн чаккхенех а нийса пайда эца

хаар к1аргдар.

Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка дуьйцуьйту терахьдашах лаьцна 1амийнарг, хаттарш а х1иттош.

2.Доьшуьйту 339-чу шардар т1ера рог1аллин терахьдешнаш.

-Царалахь билгалдаьхна х1оттаман а,чолхе а терахьдешнаш муьлхарш ду?



ΙΙΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархоша жоьпаш ло учебник т1ехь 1амийнарг карладаккхарна деллачу 7-чуй,10-чуй хаттаршна.

2.Кхочушдо 344-г1а шардар.

3.Кхочушдо 343-г1а шардар.

-Дийца,х1ун башхалло хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнашна юкъахь?

-Шина ц1ерметдашна бе морфологически къастам.



ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Легаде со-су0,уьш-шаьш,сайниг,цуьннаш боху ц1ерметдешнаш.Билгалъяха церан дожарийн чаккхенаш.

2.Тхо-тхаьш,хьо-хьуо,шуьниг,тхайниг боху ц1ерметдешнаш юкъа а далош,предложенеш х1иттае.

-Предложенин муьлха меженаш хуьлий лела и ц1ерметдешанш?



V.Гайтаран диктант.

ДОЗАНХО.

Даймехкан малх,ирс,маршо,

Сой ,сан мамий,вай массо,

Тхан школа,хьоме беш-

Вайн берриге а мохк ларбеш

Ву сан ваша дозанхо.

Дерриг цунна хеза ,го.

Т1аккха парг1ат 1уьллу со,

Мерза набъеш,сайн меттакхь.(Ж.Махмаев)

-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.

-Муьлха ц1ерметдешнаш далийна авторо байташ т1ехь?

-Муха тобина цара байтин чулацам?Дика кхетий вай цунна ала луучух?

-Билгалдаха оцу ц1ерметдешнийн дожарш, йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.
VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Дешархошка кехат яздойту шайн гергарчаьрга(дедега,денене,девеше,дейише,кхечаьрга а), шаьш аьхкенан денош цаьргахь даха дагахь хиларх лаьцна.

Кехат яздаран кеп берашка хьалха а йийцина.

Т1едиллар:Шаьш яздечу кехатна юкъа ц1ерметдешнаш даладе.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаккха.

2.Кхочушде 345-г1а шардар.


133-134-г1ий урокаш.
Урокан ц1е:Хандош,цуьнан билгалонаш.
1алашо: Карлаяха хандешан грамматически билгалонаш,

церан нийсаяздаран бакъонаш,хенаш.



Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочун дош.

Хандош 1амочу хенахь вайна гучуделира цуьнан билгалзачу кепах кхета хало хилар а, яханчу хенан хандош масдарх а, причастех атта къаста цадалар а.Иштта хала дара шуна хандешнийн хенаш билгалъяха а, церан чаккхенаш нийсаязъян а.

Х1инца 1амийнарг к1аргдеш, хандош 1амор д1ахьур ду вай ворх1алг1ачу классехь а.Нохчийн мотт 1аморехь доккха дакъа д1алоцу хандашо.И къамелан дакъа кхачам боллуш талла а,1амо а деза вай.Х1инца вай 1амийнарг карладаккху.

ΙΙΙ.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.

1.Д1аязъе предложенеш.Морфологически къастам бе царна.



1)Дайн г1иллакхаша хьалхе яьккхира…

2)Догдика,къонах стаг яра Шахмирзин ненайиша.

3)Дахар а ца нисделлера цуьнан.

4)Цундела берашца бекъаза безам шен йишин к1антана д1алора цо.

5)Неайиша шолг1а нана хилла д1ах1оьттинена цунна.

-Муьлха къамелан дакъош ду предложенешкахь?Шуна ца девзаш къамелан дакъа дуй кхузахь?Муьлхарг?

-Схьаязде хандешнаш,йийца церан грамматически билгалонаш;предложенехь муьлха меже хуьлий лела уьш?

-2-чуй,5-чуй предложенешна синтаксичечки къастам бе.

2.Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалзачу кепехь долчу хандешнаша?Х1ара хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.Цхьа а хан гойтий цара?

Хетара,веанера,цецваьлла,ладоьг1на,резахуьлу,ихна,т1елаьцнера,лаьара,дора,мажделла,гулло, дан, зен, лен, шарйина,д1аоьхура,сецавора.



Кеп:яздо-яздан.

ΙV.Дешнийн диктант.

Ган лиира,сацо вуьйлира,серлаяла йолаелла, арахь шелъелла.хьаннаш серлайовлу,гонаха хьаьвзи,гена кхоьссина, майданахь гинера,кхуза ваийтинера,йоуьйтур ю,кхеталур ву.

-Дагадаийтий дийца,муха яздо цхьана дешдекъах лаьтташ долу хандош билгалзачу кепехь.Даладе масалш.

-Дешнийнцхьаьнакхетарехь долчу хандешнийн хенаш билгалъяха, барта йийца церан суффиксаш; морфологически къастам бе хандешнашна.



V.Орфографически 5 минот.

1)Билгалзачу хандешан орамера а карарчу хенахь о-не доьрзу,чаккхенгахь у х1утту:саца-соцу.Даладе масалш.Уьш д1аязде.

2)Х1ара хандешнаш карарчу хене х1иттаде:

Ваха ,хьажа,акха,ала, вада, лахка, арахьакха,ата,аха,мала, даа, лалла,дахка,таса,баккха,кхалла.

-Орамера а,чаккхенера а аьзнаш билгалдаха.

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1)Кхочушдо 348-г1а шардар.

2)Дуьйцура,мелира бохучу хандешнашна хенаш къовларш юкъахь язъе.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.

2.Кхочушде 349-г1а шардар.


135-г1а урок.
Урокан ц1е:Шеран талламан диктант.«Б1аьсте.»
1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.

ΙΙΙТекст аларца д1аязъяр.

Шолг1ачу дийнахь, кхунна г1о дан ц1ахь сецначу 1абдуллас г1о а деш,нехан бежнаш дажо дигира Ахьмада.Малх дикка лакхабаллалц кхунна г1о деш а 1ийна,шен керт-кехь г1уллакхаш дан д1авахара 1абдулла.Стовн колл олучу меттехь бажа а бажош,б1аьстенна х1инцца самадолуш доллучу 1аламан хазалле а хьоьжуш,гуш долчу суьрто б1аьрганна там хуьлуьйтуш,сапарг1ат даьккхина стеш а,сенъелла йог1у буц а,доллу х1ума серла даьккхина,дох а дина болу къегина схьакхетта малх а.«Кестта хьун а сенлур ю,буц лакха а ер ю,стоьмаша заза а доккхур ду»,- ойла йора к1анта. Ахьмад х1ума йиъна воллушшехь,кхуьнан б1аьрг кхийтира схьайог1учу шина зудчух.Кхунна девзира шен ненан болар.(М.Юнусов)

Грамматически т1едиллар.

1)Хандешнашна буха сиз хьакха.

2)Т1аьххьарлерачу предложенина бе синтаксически къастам


ΙΙΙ.Жам1 дар

Кхин цкъа а йоьшу тетрадаш схьалахьдо.


ΙV.Ц1ахь бан болх

Хандешах лаьцна карладаккхар.



136-г1а урок.

Урокан ц1е:Жам1 дар

1алашо: Шеран 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъо схьаюьйцу.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

-Муьлхачу тайпанашка декъало уьш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Тераьдешнаш хийцалой дожаршца?

-Терахьдешнийн кепаш хийцалой дожаршца?

-Церан чаккхенаш схьакъасто хаьий шуна?

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса кепара хуьлу терахьдешнаш?

-Декъаран а,дакъойн а терахьдешнаша х1унт гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаш х1ун гойту?

- Йог1учу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Яханчу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Хаттарш дийца йог1учу хенан.

-Хандешан коьрта маса хан ю?

-Стенах олу билгалдош?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Лааме а, лаамаза билгалдешанш муха лела?

-Дожаршца а, терахьашца а, классашца а хийцалой билгалдешанш?

-Цхьалхе а,чолхе а,х1оттаман а хуьлий терахьдешнаш?
ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Дешархошка кхочушйо шардар.


VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?



-Х1ун 1амийна 6-чу классехь?
Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.
Каталог: uploads -> doc -> 0201
doc -> Пєн атауы: Математика
doc -> Сабаќтыњ тарихы: ХІХ ѓасырдыњ 60-70 жылдарындаѓы ќазаќ халќыныњ отарлыќ езгіге ќарсы азаттыќ к‰ресі
doc -> 1 -сынып, аптасына сағат, барлығы 34 сағат Кіріспе (1 сағат)
doc -> Сабақтың тақырыбы: XVIII ғасырдың бірінші ширегіндегі Қазақ хандығының ішкі және сыртқы жағдайы Сабақтың мақсаты
doc -> Сабақтың тақырыбы: XVIII ғасырдың бірінші ширегіндегі Қазақ хандығының ішкі және сыртқы жағдайы
0201 -> Сабақтың тақырыбы Жетісудағы Қарақытайлар Сабақтың мақсаты


Достарыңызбен бөлісу:
1   2   3   4   5   6   7   8   9


©kzref.org 2019
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет